Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. |
| 2 |
| Декъала ву гӀийлачун гӀайгӀа беш верг! Холчу хӀоьттича, Везачу Эло паргӀатвоккхур ву иза. |
| 3 |
| Везачу Эло лар а вийр ву, дийна а вуьтур ву иза. Ша лаьттахь йоккхучу хенахь иза декъала хир ву. Цуьнан мостагӀийн лаамийн дола Ахьа дӀа ма лохьа иза. |
| 4 |
| Цомгуш а хилла, меттахь висча а, Везачу Эло иза чӀагӀво. Цуьнан цамгарх Ахь иза то а во. |
| 5 |
| Ас элира: «Веза Эла! Сох къинхетам бехьа, со товехьа, хӀунда аьлча Хьуна дуьхьал аса къа латийна». |
| 6 |
| Сох лаьцна вониг олу сан мостагӀаша: «Иза маца лийр ву те, цуьнан цӀе а маца дӀайовр ю те?» — бохуш. |
| 7 |
| Со ган веаначун хабар гуттара а даьсса хуьлу. Шен даг чохь цо вониг латтадо. Ара а волий, сох лаьцна цо эладита даржадо. |
| 8 |
| Со ца везначу массара а вовшашна юкъахь сох лаьцна шабар-шибарш до. Уггар а вониг сох лаьцна дага а лоьцуш, цара вовшашка олу: |
| 9 |
| «Цунна Ӏожаллин ун ма кхетта. Ша Ӏуьллучуьра иза кхин хьалагӀатталур ма вац». |
| 10 |
| Ур-атталла сан уггар дикачу доттагӀчо, ас тешаме лоручу а, соьца бепиг дууш волчу а, мекарлонца суна дуьхьал куьг айина. |
| 11 |
| Ткъа Ахьа, Веза Эла, сох къинхетам а бай, дӀахӀоттавехьа со, аса хьакъ дерг дӀалур дара царна. |
| 12 |
| Сан мостагӀаша суна тӀехь толам цабаккхарх хуур ду суна, Хьо суна реза хилар. |
| 13 |
| Сох лаьцна аьлча, со догцӀена хиларна со лоттуьйту Ахь. Ткъа со гуттаренна а Хьайна уллохь дӀахӀоттаво Ахь. |
| 14 |
| Азалера абаденналц декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела! Амин! Амин! |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/040.mp3
150
40