×

Делан Йозанаш 2012

Забур 41

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан хьехаме назма.
2
Хин Ӏоврех хьоьгуш болу сай санна, сан са а ду Хьох хьоьгуш, Дела!
3
Делах хьоьгу сан са — дийна волчу Делах. Маца дӀавахалур ву те со, Далла уллохь а волуш, Цунна Ӏибадат дан?
4
Дийнаххьий, буьйсанний сайн бӀаьрхих кхача хилира суна, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» — бохуш, дийнахь сарралц мостагӀаша соьга хоьтту.
5
Сайн синан Ӏаткъам дӀа а балхош, хӀара ду суна дагаоьхург: адамийн тобанашца сайн лелар, Делан цӀа долчу сайн хьалхавийлар. Халкъаца цхьаьна аса а кхойкхура дезде даздечу хенахь хазахетаран а, баркаллин а озаца.
6
ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са, карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна, со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.
7
Сан кийрарчу сино сагатдо, цундела суна Йордан-хин махкара а, Хьермон а, Мицхьар а лаьмнийн мехкашкара а дагаоьху Хьо.
8
КӀоргачу цхьана хино вукху хине Хьан чухчарийн аьзнашца кхайкхамаш бо. Дерриг Хьан хиш а, Хьан тулгӀенаш а суна тӀехула чекхъевлла.
9
Дийнахь Везачу Эло Шен безам суна тӀехьажабо. Буьйсанна соьгахь илли ду Цунна — сан дахаран Деле долу доӀа.
10
Сайн тарх йолчу Деле аса олу: «Ахьа со виц хӀунда вина те? ХӀунда лела те со гӀайгӀанехь, сан мостагӀчо суна гӀело ярх?»
11
Сан даьӀахкашкахь Ӏожаллин чов хиллал, сан мостагӀашна со дола хета, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» — бохуш, дийнахь сарралц цара соьга хоьтту.
12
ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са? Карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна, со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки