Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Ва Дела, со бехказаваккхахьа, диндоцучу халкъана дуьхьал болчу сан къовсамехь суна гӀо дехьа. Мекарчу а, зуламечу а адамех со кӀелхьарваккхахьа! |
| 2 |
| Дела, Хьо ю сан чӀагӀо. Со дӀа хӀунда теси те Ахьа? Сан мостагӀчо суна гӀело а йина, гӀайгӀане хӀунда лела те со? |
| 3 |
| Хьайн серло схьаяийтахьа, Хьайн бакъдерг схьакховдадехьа. Цара со дӀавуьгийла, цара со хьалавоккхийла Хьан безачу лома тӀе, Хьо Ӏаш волчу цӀийне. |
| 4 |
| ТӀаккха со дӀагӀур ву Делан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе, сан хазахетаран а, самукъадаларан а Дела волчу. Аса мерз-пондарца хастамаш бийр бу Хьуна, ва Дела, сан Дела! |
| 5 |
| ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са? Карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча аса кхидӀа а хастамаш бийр бу Цунна, со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/042.mp3
150
42