×

Делан Йозанаш 2012

Забур 43

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан хьехаме назма.
2
Тхан дайша тхуна дуьйцура, уьш баьхначу ширачу заманахь. Ахь мел динчу гӀуллакхех лаьцна. Ва Дела, тхан лергашна хезнера иза.
3
Хьайн куьйгаца халкъаш хӀаллакдира Ахьа, ткъа тхан дай баха охьаховшийра Ахьа. Кхечу къаьмнашна зулам дира Ахьа, ткъа тхан дайн аьтто балийтира Ахьа.
4
Цара и латта шайн туьраца а ца даьккхира, шайн ницкъаца а ца даьккхира. Хьан нуьцкъалчу аьтту куьйгаца а, Хьан юьхь тӀера лепачу нуьраца а даьккхира цара и латта, Хьо царна реза хиларна.
5
Ва Дела, Хьо сан Паччахь ма ву! Якъубан халкъана толамаш бахар лохьа!
6
Хьан ницкъаца тхешан мостагӀий оха юхабоху, Хьан цӀарца тхайна дуьхьалбевлларш оха хьошу.
7
Сайн секхаӀодах тешна Ӏаш вац со, сайн туьро а кӀелхьар ца воккху со.
8
Амма тхан мостагӀех Ахь тхо кӀелхьардоху, тхо цадезарш Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттабо.
9
Дийнахь сарралц Делах дозалла до оха. Абаденналц Хьан цӀе язйийр ю оха.
10
Амма хӀинца-м Ахь дӀатесна тхо, Ахь юьхьӀаьржачу а хӀиттийна тхо. Тхан эскаршца ара ца волу Хьо.
11
Ахь мостагӀех тхо дӀаидийтина, тхо ца дезачара тхоьгара хӀонс яьккхина.
12
УьстагӀий санна, хӀаллакдайта дӀадели Ахь тхо, къаьмнашна юкъахь дӀасадаржий Ахь тхо.
13
Хьал совдаккхар а доцуш, Хьайн халкъ Ахь дӀадоьхки, цунах беллачу мехах Ахь пайда а ца ийци.
14
Тхан лулахошка емалдайта дӀадели Ахь тхо. Тхуна гонах бехаш болчарна беламна а, сийсаздахарна а дӀадели Ахь тхо.
15
Халкъашна юкъахь кицанна а даладойтуш, дӀахӀиттий Ахь тхо. Кхечу къаьмнашка кортош а лестадойтуш, тхох кхардам бина, дӀахӀиттий Ахь тхо.
16
Сан сийсазалла дийнахь сарралц суна хьалха ю. Со юьхьӀаьржачу хӀоттийна,
17
со емалвеш болчеран а, харцлуьйчеран а озо а, сан мостагӀчун а, суна бекхам бар лоьхучеран а хьежаро а.
18
И дерриг а тӀедеана тхуна, амма Хьо виц ца велла тхуна, Хьан барт а ца бохийна оха.
19
Тхан дегнаш Хьох дӀа а ца дирзира, тхан когаш Хьан некъа тӀера дӀа а ца бевлира,
20
Амма чангӀалкхаш ехачу меттехь Ахь тхо дӀахьаьшира, Ӏаьржачу боданехь Ахь тхо дӀахьулдира.
21
Нагахь оха, тхешан Делан цӀе йиц а йина, хийрачу далла куьйгаш хьалаайинехьара,
22
иза Далла хуур дацара ткъа, Шена деган къайленаш евза дела?
23
Хьо бахьанехь хӀора дийнахь тхо мостагӀаша хӀаллакдо. Дайа кечдина уьстагӀий санна царна хета тхо.
24
ГӀаттахьа, Веза Эла, вижина хӀунда Ӏа Хьо? Самавалахьа, гуттаренна а дӀа ма тасахь тхо!
25
Хьайн юьхь тхох къайла хӀунда яьккхина те Ахь? Тхо баланехь а, Ӏазапехь а хилар диц хӀунда дина те Ахь?
26
Тхо ченаш юккъе охьаэгна, тхан догӀмаш лаьттах дӀалетта.
27
ГӀаттахьа тхуна гӀоьнна, Хьайн барам боцучу безаман дуьхьа кӀелхьардахахьа тхо.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки