×

Делан Йозанаш 2012

Забур 44

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Шушаним» олучу мукъамехь ала езаш ю. Кхорахьан тӀаьхьенан йолу хьехаме назма. Безаман йиш.
2
Сан дага чуьра хаза дешнаш арадуьйлу, сайн аяташ аса паччахьна лерина доху, сан мотт говзачу йозанчин къолам бу.
3
Адамашна юкъара уггар исбаьхьаниг ву хьо. Къамел дарна говза а ву хьо, цундела Дала абаденналц декъалвина хьо.
4
ГӀодаюкъах дехка, ва турпалхо, хьайн тур, хьайн паччахьан сий а, исбаьхьалла а долу.
5
Хьайн хазаллица говр хахкахьа, толам а боккхуш, билггал бакъдолчун а, кӀедачу нийсонан а дуьхьа, хьан аьтту куьйго хьуна инзаре хӀуманаш гайтийтархьама.
6
Хьан ира пхерчий паччахьан мостагӀийн дегнех чекхдовлийла. Хьан когашна хьалха халкъаш охьаэгийла.
7
Дала делла хьан паччахьалла абаденналц лаьтта, ткъа хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.
8
Нийсо а езаш, харцо ца еза хьуна, цундела Дала къобалвина хьо, хьан Дала хьан накъосташна чул а хьуна алссам хазахетар делла.
9
Хаза хьожа йогӀу деза даьтта а, сарап а, кассия а хьан ерриг а тӀеюхучу бедаршна тӀехь ю. Пийлан кӀомсарех хаздинчу паччахьан цӀеношна тӀера мерз-пондарийн мукъамаша хьан самукъадоккху.
10
Хьан долахь болу паччахьийн йоӀарий лараме болчу зударшна юкъахь бу хьан. Апар-махкара шена тӀехь деши а долуш, нускал ду хьуна аьтту агӀор дӀахӀоьттина.
11
ЛадогӀалахь, йоӀ, схьахьажалахь, хьайн лерг а схьадерзаделахь, хьайн халкъ а дицделахь, хьайн ден цӀа а дицделахь.
12
Паччахьна хьан хазалла езалур ю. Иза хьан олахо волу дела, хьо Цунна хьалха охьатаӀалахь.
13
Цора-гӀалара бахархоша совгӀаташ дахьар ду, къоман хьалдолчара хьо шайна резахилар лоьхур ду.
14
Паччахьан нускал паччахьан цӀа чу доьду. Ма хаза ду иза! Цуьнан духар дешица кечдина ду
15
Тир яьккхина духар тӀехь а долуш, иза паччахьна хьалха юьгу. Нускална юххебовлу йоӀарий а цунна тӀе балабо.
16
Самукъадаларца а, баккхийберца а паччахьан цӀа чу бовлу уьш.
17
Хьан дайн метта хьан кӀентий дӀахӀуьттур бу, ва паччахь. Дерриг а лаьтта тӀехь, элий а бина, дӀахӀиттор бу ахьа уьш.
18
Массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашкахь хьан цӀе аса дагаоьхуьйтур ю. Цундела халкъаша абаденналц хьан сий дийр ду.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки