×

Делан Йозанаш 2012

Забур 45

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма. ХӀара йиш «Ӏаламут» олучу мукъамехь ала езаш ю.
2
Дела — вайн дӀалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу, вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гӀоьнча а ву.
3
Цундела вай кхералур дац, ур-атталла латта дегийча а, лаьмнаш хӀордаш чу дахча а,
4
тулгӀенаша гӀовгӀа яьккхича а, хӀордийн хиш ловзадевлча а, шаьш меттахдахарна лаьмнаш дегийча а.
5
Цхьа татол ду Делан гӀалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Ӏаш волу еза меттиг ю цигахь.
6
Дела цу меттигна юккъехь ву, иза юхур яц. Сатосучу хенахь дуьйна Дала цунна гӀо дийр ду.
7
Халкъаш дарделла, пачхьалкхаш меттахъевлла. Дала Шен аз хазийти, ткъа латта дешна дӀадели.
8
Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву. Якъубан Дела вай лардаран гӀап ю.
9
Схьа а дуьйлий, хьовсийша Везачу Эло мел дечуьнга, лаьттахь Цо кхочуш мел дечу инзаре гӀуллакхашка.
10
Дуьненан йисте кхаччалц Цо тӀемаш а совцабо, секхаӀад а дохадо, гоьмукъ а кагбо, Цо турсаш а цӀергахь дагадо.
11
ДӀа а совций, Со Дела вуйла хаийша. Халкъаша а лакхавоккхур ву Со, лаьтта тӀехь а лакхавоккхур ву Со.
12
Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву. Якъубан Дела вай лардаран гӀап ю.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки