×

Делан Йозанаш 2012

Забур 46

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2
Ва массо а халкъаш, тӀараш деттийша! Даккхийдеран озаца Деле кхайкхийша!
3
Веза Воккха Эла кхераме ву. Иза дерриг а дуьненан сийлахь Паччахь ву.
4
Халкъаш вайна муьтӀахь дина Цо. Къаьмнаш вайн когашка охьадехкина Цо.
5
Цо хаьржина вайна кхаьчна болу хӀара мохк, Цунна дезаш долчу Якъубан халкъо цунах дозалла до.
6
Даккхийдеран аьзнаш айадарца хьалаваьлла Дела, коьман маӀа лоькхучохь хьалаваьлла Веза Эла.
7
Вайн Далла ала иллеш, вайн Паччахьна ала уьш.
8
Дерриг а лаьттан Паччахь ву Дела. Массара а говза назма Цунна ала.
9
Массо а халкъашна тӀехь Паччахь ву Дела. Шен езачу Ӏаршехь охьахиъна ву Дела.
10
Кхечу къаьмнийн куьйгалхой гулбелла ИбрахӀиман Делан халкъаца цхьаьна. ХӀунда аьлча латта лардийраш Делан долахь бу, ткъа Дела царал а лакхаваьккхина ву.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки