Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Йиш. Кхорахьан тӀаьхьенан назма. |
| 2 |
| Веза Эла сийлахь ву, хастам бан Иза чӀогӀа хьакъ долуш а ву, вайн Делан йолчу гӀалахь, Цуьнан безачу лома тӀехь. |
| 3 |
| Цийон-лам шен локхаллица хаза бу, дуьненан хазахетар а иза бу. Цуьнан къилбаседехьа агӀор сийлахьчу Паччахьан гӀала ю. |
| 4 |
| Цуьнан гӀепашкахь волчу Дала нах ларбийриг Ша хилар гайтина. |
| 5 |
| Паччахьаш, цхьаьна а кхетта, гӀалина тӀелата тӀебахара. |
| 6 |
| И дерриг ган а гина, Ӏадий уьш, боха а боьхна, дӀабевди уьш. |
| 7 |
| Кхерамо, бохийна, хьовзий уьш, берах хьийзош йолу зуда санна, |
| 8 |
| доккхачу хӀордкеманашна дуьхьал малхбалера хьаькхначу дарцо санна. |
| 9 |
| Хьалха тхуна Делан гӀуллакхех лаьцна хезна, ткъа хӀинца уьш ги тхуна тхайн Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Элан гӀалахь. Дала и гӀала гуттаренна а латтайо. |
| 10 |
| Ва Дела, Хьан хедар боцучу безамах лаьцна ойланаш йо оха, Хьан цӀийнан кертахь лаьтташ. |
| 11 |
| Веза Дела, лаьттан йистошка кхаччалц йоккхуш йолу Хьан цӀе санна бу Хьуна бо хастамаш. Хьан аьтту куьг ду нийсонах дуьзна. |
| 12 |
| Цийонан нехан самукъа а долийла. Хьан бакъйолу кхелаш бахьанехь ЯхӀуд-мехкан ярташна хаза а хетийла. |
| 13 |
| Цийон-ломана гонах чекх а довлий, цунна го а баккха, цуьнан бӀаьвнаш ягар а е. |
| 14 |
| Цуьнан арахула йолчу чӀагӀонийн тидам бе, дикка хьажа цунна чохь йолчу гӀепашка, царах лаьцна дийцархьама хинйолчу тӀаьхьенашка: |
| 15 |
| «И Дела абаденналц вайн Дела ву. Вай делла дӀадовллалц Иза вайн урханча ву». |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/047.mp3
150
47