×

Делан Йозанаш 2012

Забур 48

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2
ЛадогӀалаш ас бохучуьнга, массо а халкъаш! ХӀара тидаме эцалаш, дуьнен чохь дехаш мел долчара:
3
кӀезиг долчара а, цӀеяхана долчара а, къечара санна, хьал долчара а.
4
Сан багано хьекъале хӀума эр ду. Сан деган ойланаш кхетамах юьзна хир ю.
5
Сайн лерг хьекъалечу кицанна тӀедерзор ду ас. Сайн хӀетал-металан маьӀна мерз-пондар лакхарца дӀадоьллур ду ас.
6
Стенна кхера веза со сайн де доьхначу деношкахь, суна тӀаьхьабевллачеран къиноша суна го бинчу хенахь?
7
Уьш шайн бахамах тешна Ӏаш а бу, шайн доккхачу хьолах дозалла деш а бу!
8
ХӀуъа дича а, адаме стаг паргӀатваккхалур вац. Цуьнга оцу стеган дахарх Далла мах балалур бац.
9
Адаман дахарх болу мах тӀех боккха бу, вайга иза цкъа а балалур а бацара,
10
адам гуттаренна дехаш хилийтархьама а, вахкавалар гар цуьнан ца хилийтархьама а
11
ХӀоранна а го хьекъалалла дерш леш хилар. Иштта леш хуьлу кхетам боцурш а, сонтанаш а. Цара массара а шайн бахам шайн тӀаьхьенна буьту.
12
Къуббанаш ду церан цӀенош гуттаренна а, и хӀусамаш тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашна юьсур ю церан. Цара шайн мехкашна шайн цӀераш тохку.
13
Амма адам, цуьнан мел доккха хьал делахь а, гуттаренна а ца дуьсу оцу лаьттахь. Иза а тарло леш долчу бежанех.
14
Иштта хир бу сонталла йолчеран кхоллам а, цара аьлларг къобалдечарах хиндерг а.
15
Уьш, уьстагӀий санна, эхарт чу бухкур бу. ЖаӀуьно дӀадуьгу жа санна, Ӏожалло дӀаоьцур бу уьш. Ӏуьйранна Делан лаамехь болчара церан кешнаш хьошур ду. Церан куьцаш дӀадевр ду эхартехь, шайн хӀусамашна геннахь.
16
Эхартан олаллех паргӀатдоккхур ду сан са, Дала билггал кӀелхьарвоккхур ву со.
17
Ма хьегалахь, хьал сов а дуьйлуш, сийлалла лакхадолучу адамах.
18
ХӀунда аьлча ша дӀакхелхачу хенахь цо шеца хӀумма а дӀахьур яц. Цуьнан сийлалла цунна тӀаьххье дӀагӀур дац.
19
Ша вехачу хенахь цо шен синна там берг леладахь а, цо аьтто баккхарна наха цуьнан сий дахь а,
20
цкъа а серло гур йоцуш болчу, шен беллачу дайх дӀакхетар ву иза.
21
Адам хьал долуш делахь а, цуьнан кхета ницкъ ца кхочу, леш долчу бежанех тарло иза а.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки