Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма шедагашца лакха еза. |
| 2 |
| Сан дешнаш дӀахазахьа, Веза Эла, тергам бехьа сан узарийн. |
| 3 |
| ЛадогӀахьа, сан Паччахь волу Дела, аса доккхучу орцане. Хьоьга деш ма ду аса сайн доӀанаш. |
| 4 |
| Ӏуьйранна Хьуна хьалха сайн дехарш охьадохку ас, Хьоьгара сайна жоп даре са а туьйсуш. |
| 5 |
| Хьо зулам хаза ца хета Дела ма ву. Харцонаш еш берш Хьо волчохь бехар бац. |
| 6 |
| Курачу нахана меттиг яц Хьуна юххехь, цхьа а зуламхо Хьуна ца веза. |
| 7 |
| Харцлуьйраш хӀаллакбо Ахь. Ца беза Хьуна, Дела, цӀий Ӏенош берш а, мекарлонаш лелораш а. |
| 8 |
| Ткъа со, Хьан хедар боцу безам бахьана долуш, Хьан цӀа чу вер ву, гора а хӀоьттина, Хьан дезачу цӀа чохь Хьох кхоьруш лаьттар ву. |
| 9 |
| Ва Веза Эла! Лелавехьа со Хьайн бакъболчу новкъахула, дуьхьалбевлла мостагӀий сан болу дела. Нисбехьа Хьайна тӀебоьду сан некъ. |
| 10 |
| Цара дуьйцург цхьа а бакъ дац! Церан дегнаш хӀаллакдаран лаамех дуьзна ду, церан къамкъаргаш дӀаделладелла кешнаш санна ю, шайн мекарчу маттаца ямартло йо цара. |
| 11 |
| Дела, ларахьа уьш бехке! Шаьш йина харцонаш шайна дуьхьал ерзийла царна. И харцонаш мел лелораш дӀабахахьа Ахьа, Дела, Хьайна дуьхьал уьш бовларна. |
| 12 |
| Баккхийбеш хир ма бу Ахьа шаьш лардаре сатийсинарш. Цара даим хазахетарца иллеш лоькхийла. Ткъа Ахьа ларбехьа уьш. Хьо везарш самукъане хуьлийла, Ахьа мел дийриг бахьана долуш. |
| 13 |
| Ахь декъалво, Веза Эла, Хьайн лаамехь верг. Хьан безамо иза, турсо санна, ларво. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/005.mp3
150
5