|
| 1 |
|
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. |
|
| 2 |
|
| Дауд Бат-ШабаӀах кхеттачул тӀаьхьа, иза волчу Ната-пайхамар веана хиларх лаьцна. |
|
| 3 |
|
| Веза Дела, Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа суна. Хьайн боккхачу къинхетамца дӀадахахьа сан къинош. |
|
| 4 |
|
| Хино дӀайоху модаш санна, дӀаяхахьа сан харцонаш, сан къинойх цӀанвехьа со. |
|
| 5 |
|
| Сайн харцонашна къера ву со, айса латийна къа гуттар а суна хьалха ду. |
|
| 6 |
|
| Хьуна хьалха, Хьуна цхьанна хьалха къа латийна ас, Хьан бӀаьргашна хьалха хьарамниг дина, цундела со бехке варехь Хьо нийса а ву, кхел ярехь цӀена а ву. |
|
| 7 |
|
| Харцонца вара со дуьнен чу ваьлчхьана дуьйна, сайн ненан кийрара дуьйна къа ду аса схьадахьаш. |
|
| 8 |
|
| Сан даг чохь бакъдерг хилар лууш ву Хьо, цундела сан коьрте хьекъал доуьйту Ахь. |
|
| 9 |
|
| Ярийн курсаца цинцаш тохахьа суна тӀе, тӀаккха со цӀена хир ву, хих ваккхахьа со, тӀаккха лонал а кӀайн хир ву со. |
|
| 10 |
|
| Хазахетар а, самукъадалар а хазийтахьа суна, тӀаккха Ахь кегйина даьӀахкаш самукъадаьлла хир ю сан. |
|
| 11 |
|
| Сан къиношна тӀера дӀаверзий, сан харцонаш дӀаяхахьа. |
|
| 12 |
|
| Суна чохь цӀена дог кхоллахьа, Дела, суна чуьра тешаме са карладаккхахьа. |
|
| 13 |
|
| Хьайна хьалхара со дӀа ма ваккхахьа, Хьайн Деза Са соьгара дӀа ма даккхахьа. |
|
| 14 |
|
| Ахь кӀелхьарваккхарна долу хазахетар юхалохьа суна, Хьуна муьтӀахь хила лууш долчу Синехь чӀагӀвехьа со. |
|
| 15 |
|
| Нийсонца лелаш боцурш Хьан новкъа ас бохур бу, тӀаккха галбевлларш Хьуна тӀебоьрзур бу. |
|
| 16 |
|
| Со кӀелхьарвоккху Дела, цхьаннан цӀий Ӏанорах ларвелахь со, тӀаккха ас Хьан нийсо хастор ю. |
|
| 17 |
|
| Веза Эла! Схьаеллахьа сан бага, тӀаккха цо Хьуна хастам кхайкхор бу. |
|
| 18 |
|
| Ас сагӀа доккхур дара Хьуна, амма Хьуна ца деза иза. Хьайна лерина дийнаташ дагорна а Хьо реза вац. |
|
| 19 |
|
| Доьхна са — иза Далла луш долу сагӀа ду. Дохкодаьлла а, муьтӀахь долу а дог Ахь дӀатоттур дац, Дела. |
|
| 20 |
|
| Хьайн лаамца къинхетам бехьа Цийон-гӀопах, Ярушалайман пенаш ирахӀиттадехьа. |
|
| 21 |
|
| ТӀаккха Хьо реза хир ву бакъдолчу сагӀанашна, дийнаташ дагоран сагӀанаш а тамехь хир ду Хьуна, тӀаккха Хьан сагӀа доккхучу кхерча тӀе стерчий дохкур ду. |
|
|
|
|