Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехаме назма, |
| 2 |
| эдомхочо ДуагӀа, Дауд Ахьи-Маликан цӀийне веана аьлла, Шауле мотт тоьхначул тӀаьхьа аьлла йолу. |
| 3 |
| Айхьа зулам дарх дозаллаш стенна до ахь, нуьцкъала стаг? Дела массо а ханна тешаме ву. |
| 4 |
| Хьан матто хӀаллакьхилар дуьйцу, ира урс санна бу хьан иза, ямартниг! |
| 5 |
| Хьуна вониг дикачул алсам деза, бакъдолчул а харцдерг алсам дийца лаьа хьуна. |
| 6 |
| Зуламе къамелаш деза хьуна, ямарта мотт. |
| 7 |
| Дала, хӀаллаквина, дӀавоккхур ву хьо, цӀа чуьра аракхуссур ву, дийначийн лаьтта тӀера хьан орам а дӀабоккхур бу. |
| 8 |
| Иза а гина, Делан лаамехь берш ларамах буьзна хир бу. Уьш боьлур бу цунах: |
| 9 |
| «Делах шен чӀагӀо а ца еш, шен доккхачу хьолах а тешна, зуламаш тӀехь чӀагӀвелла вара и стаг». |
| 10 |
| Ткъа со Делан цӀа чохь зазадоккхуш долу зайт-дитт санна ву, ерриг а тӀейогӀучу ханна Делан хедар боцучу безаме сатесна а ву. |
| 11 |
| Ахь динчунна гуттар а Хьуна хастам бийр бу ас. Хьан цӀарах догйовха хилла, иза хастор ю Хьуна тешамечу нахана хьалх. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/051.mp3
150
51