Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехаме йолу хӀара назма «Махьалат» олучу мукъамехь лакха езаш ю. |
| 2 |
| Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Уьш ма телхина бу, цара лелориг ма дегаза хӀума ду. Царах цхьа а диканиг дийриг вац. |
| 3 |
| Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Дела, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама. |
| 4 |
| Берриш а нийсачу некъа тӀера дӀабирзина, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац. |
| 5 |
| Кхетаме богӀур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дӀакхоллурш, ткъа Деле ца кхойкхурш? |
| 6 |
| ЦӀеххьана царна тӀе кхерам тосур бу, кхераме хӀумма а дацахь а, хӀунда аьлча хьуна дуьхьалбевллачеран даьӀахкаш Дала дӀасаяржор ю. Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттор бу уьш, Дала уьш дӀатесна дела. |
| 7 |
| Исраилан халкъана кӀелхьардовлар Цийон-лома тӀера догӀур делахьара! Шен халкъ Дала юхаметтахӀоттийча, Якъубан халкъан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/052.mp3
150
52