Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехам болу назма. Дечиг-пондарца ала езаш ю иза. |
| 2 |
| Зипахоша, Шаулна тӀе а баьхкина: «Тхо долчохь къайла-м ца ваьлла те Дауд?» — аьллачу хенах лаьцна. |
| 3 |
| Ва Дела! Хьайн цӀарца кӀелхьарваккхахьа со, Хьайн ницкъаца бехказаваккхахьа со. |
| 4 |
| Ва Дела! Сан доӀа хазахьа, сан багара дешнашка ладогӀахьа. |
| 5 |
| Хийра нах дуьхьалбевлла суна, нуьцкъалчара сан са лоьху. Цу нехан Дела вац. |
| 6 |
| Дела сан гӀоьнча ву. Везачу Эло дог чӀагӀдо сан. |
| 7 |
| Сан мостагӀаша дина зулам царна тӀе юхадерзадехьа, Хьо тешаме хиларна, хӀаллакбехьа уьш. |
| 8 |
| Ас леррина сагӀа доккхур ду Хьуна, Хьан цӀе а хастор ю, Веза Эла, хӀунда аьлча иза дика ю. |
| 9 |
| Ахь кӀелхьарваьккхи со берриг а баланех, сайн мостагӀашна тӀехь толам баккхар гина сан бӀаьргашна. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/053.mp3
150
53