|
| 1 |
|
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: мерз-пондарш тӀехь ала езаш йолу Даудан хьехаме назма. |
|
| 2 |
|
| Дела, сан доӀа дӀа а хазахь, сан дехарх къайла а ма валахь. |
|
| 3 |
|
| Сан тергам а бехьа, суна жоп а лохьа. Сан дог а доьхна, со гӀайгӀанехь а ву. Со карзахвуьйлу, |
|
| 4 |
|
| мостагӀчун аз хазарна а, Ӏесачара суна гӀело ярна а, хӀунда аьлча цара суна дуьхьал зулам а леладо, уьш дераллица дуьхьал а бевлла суна. |
|
| 5 |
|
| Сан кийрарчу даго а хьийзаво со, Ӏожаллин къемато а дӀалаьцна со. |
|
| 6 |
|
| Кхерар а, вегавар а тӀедеана суна, Ӏада а вина, воьхна хьийза со. |
|
| 7 |
|
| Цундела ас элира: «Кхокханан санна долу тӀемаш суна хьан лур дара? Со, тӀема а ваьлла, паргӀатвер вара. |
|
| 8 |
|
| Со, генна дӀа а вахана, яьссачу аренгахь вуьсур вара. |
|
| 9 |
|
| Йилбазмохах а, дарцах а со дӀалачкъа сихлур вара». |
|
| 10 |
|
| Хьалдолу Эла, меттанаш э а дай, къамел карзахдаккхахьа сан мостагӀийн. Къизалла а, барт цахилар а го суна гӀалахь. |
|
| 11 |
|
| Дийнахь а, буьйсанна а цу гӀалин пенаш тӀехула го боху цара. Цу гӀалахь зуламаш а, баланаш а бу. |
|
| 12 |
|
| Цунна чохь бохамаш а хуьлу. Цуьнан майданашкара нахана гӀело яр а, мекарлонаш лелор а дӀа а ца долу. |
|
| 13 |
|
| Ткъа сан мостагӀа вац со емалвийриг — иза-м ас ловр дара. Суна кураллаш йийриг со цавезарг вац — цунах-м со къайлавер вара. |
|
| 14 |
|
| Амма хьо ма ву иза, сан тайпанара верг — сан уллора доттагӀа, со тешна Ӏаш верг. |
|
| 15 |
|
| Вайшиммо вовшашка дагара а дуьйцура, адамийн тобанна юкъахь вайшиъ цхьаьна Делан цӀийнан керта а воьдура. |
|
| 16 |
|
| Сан мостагӀашна тӀе цӀеххьана Ӏожалла йогӀийла. Дийна боллушехь уьш эхарте боьлхийла, хӀунда аьлча вониг царна юкъахь долуш ду, вониг церан дегнаш чохь долуш ду. |
|
| 17 |
|
| Ткъа со-м Деле кхойкхуш ву, Везачу Эло со кӀелхьар а воккхур ву. |
|
| 18 |
|
| Суьйранна а, Ӏуьйранна а, делкъахенахь а со латкъамаш беш а ву, узарш деш а ву, ткъа Цунна сан аз дӀахезар ду. |
|
| 19 |
|
| Суна дуьхьал бинчу тӀамах Цо со маьршачу метте воккхур ву, суна дуьхьалбевлларш алссам белахь а. |
|
| 20 |
|
| Азалера дуьйна олалла деш волчу Далла со дӀа а хезар ву, Цо уьш сийсаз а бохур бу. Уьш цкъа а хийца ца бели, хӀунда аьлча уьш Делах кхоьруш бац. |
|
| 21 |
|
| Сан доттагӀа хиллачо шен накъосташна дуьхьал куьг айдина, цаьрца ша бина барт цо боха а бина. |
|
| 22 |
|
| Цуьнан бага даьттанал а кӀеда ю, амма цуьнан даг чохь мостагӀалла ду. Цуьнан дешнаш зайтдаьттанал а кӀеда ду, ткъа уьш, баттара даьхна тарраш санна, ира ду. |
|
| 23 |
|
| Хьайн гӀайгӀанаш Везачу Элана тӀеяхка, ткъа Цо хьо чӀогӀа лоттуьйтур ву. Шен лаамехь верг Дала цкъа а дӀасатоьхкуьйтур вац. |
|
| 24 |
|
| Амма Ахьа, Дела, уьш кӀоргачу эхарта чу туьйсур бу. Адамийн цӀий Ӏеночара а, мекарлонаш лелочара а шайна дуьнен чохь яккха еллачу хенан аххан а йоккхур яц. Ткъа со Хьох тешна Ӏаш хир ву. |
|
|
|
|