Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Генахь дӀатийна кхокха» олучу мукъамехь ала езаш ю. Гати-гӀалахь ша пӀелаштамхоша дӀалаьцначу хенахь Дауда язйина назма ю иза. |
| 2 |
| Къинхетам бехьа сох, Дела! МостагӀаша эккхийна лелош ву со, хӀора дийнахь тӀелеташ, цара ницкъ бо суна. |
| 3 |
| Сайн кӀесаркӀога чохь церан садеӀар хаало суна хӀора дийнахь. Сийлахьниг, дукха бу суна дуьхьалбевлларш! |
| 4 |
| Со кхоьручу хенахь Хьох дегайовхо ю сан. |
| 5 |
| Делехь ас хастадо Цуьнан дош, Делах ю сан дегайовхо, со ца кхоьру. ХӀун дийр ду суна гӀорасизчу адамо? |
| 6 |
| Денна а мостагӀаша хуьйцу сан дешнаш, сох йолу церан ойланаш зуламна ю. |
| 7 |
| Вовшех а бетталуш, теба а тебаш, со воьду меттиг ларйо цара, сан са эцархьама. |
| 8 |
| Шаьш лелочу харцонна кӀелхьардовлар хир дуй те царна? Дела, Хьайн оьгӀазаллица таӀзар дехьа цу нахана. |
| 9 |
| Ахь дагардина сан дакъазаваьлла леларан денош. Сан бӀаьрхиш Хьо волчуьра пхьегӀи чу гулделла, Хьан тептар тӀехь-м дац те уьш? |
| 10 |
| Сан мостагӀий юхабовлу, со Хьоьга кхайкхича, хӀунда аьлча суна хаьа Дела сайгахьа вуйла. |
| 11 |
| Делехь ас хастадо Цуьнан дош, Везачу Элехь ас хастадо и дош, |
| 12 |
| Цунах ю сан дегайовхо, со ца кхоьру. ХӀун дийр ду суна адамо? |
| 13 |
| Хьуна йина чӀагӀонаш кхочушъяр ду суна тӀехь. Хьуна баркаллин сагӀанаш дохур ду ас. |
| 14 |
| Ахь валарх кӀелхьарваьккхи со, сан когаш совцучуьра ларби, дахар лучу серлонгахь Далла хьалха со лелийта. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/055.mp3
150
55