Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. Шаулах ведда, хьеха чу ша вахча, Дауда язйина назма ю иза. |
| 2 |
| Къинхетам бехьа сох, Дела, къинхетам бехьа, Хьох ю сан дегайовхо. Хьан тӀома кӀел лечкъар ву со, сайн бохамаш дӀабовллалц. |
| 3 |
| Веза Воккхачу Деле кхойкхур ву со, Шен Ӏалашо суна лерина кхочушъечу Деле. |
| 4 |
| Цо, стигалара гӀо а даийтина, со кӀелхьарвоккхур ву, со лаца гӀерташ берш юьхьӀаьржачу хӀиттор бу. Дала Шен безам а, бакъдерг а лур ду. |
| 5 |
| Сан са лоьмашна юкъахь ду. Цергех гоьмукъаш а, пхерчий а дина, маттех ира тарраш а дина, Ӏачу адамийн кӀенташна юкъахь Ӏуьллу со. |
| 6 |
| Стигалал лакха хьалаволийла Хьо, Дела, дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла! |
| 7 |
| Со лаца кечбина гур бара, гӀайгӀанехь вара со. Суна хьалха ор даьккхира цара, амма шаьш цу чу ийгира. |
| 8 |
| Сан дог Хьох тешна ду, Дела, Хьох тешна ду иза: ас, илли а олуш, хастам бийр бу Хьуна. |
| 9 |
| ГӀаттахьа, сан сийлалла, гӀаттахьа! Самабала, мерз-пондар! ГӀатта, Ӏад хьокху пондар! Малх самабоккхур бу ас. |
| 10 |
| Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву, Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду. |
| 11 |
| Стигала кхаччалц бу Хьан безам, мархаш тӀе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар. |
| 12 |
| Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела, дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла! |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/056.mp3
150
56