×

Делан Йозанаш 2012

Забур 57

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. И назма Дауда язйина ю.
2
Нийсо билггал кхайкхайой те аша, куьйгалхой? ЦӀеначу дегнашца йой теша аша адамашна юкъахь кхел?
3
Дегнаш чохь харцонаш кхуллу аша. Шайн куьйгийн къизалла махкахь узу аша.
4
Дуьнен чу бовллушехь, нийсачу некъана тӀера дӀабевлла Ӏесанаш. Харцдерг а дуьйцуш, ненан кийрара схьабовллушехь, тилабелла уьш.
5
Церан дӀовш лаьхьанан дӀовш санна ду. Иза шен лергаш дӀакъовлуш болчу, къорачу лаьхьанан дӀовш санна ду.
6
Царна ца хеза лаьхьа тебечун аз, молханаш лелош верг мел говза велахь а.
7
Дела! Церан багара цергаш кегъехьа! Веза Эла! Цу лоьмийн мочхалш атахьа!
8
ДӀадоьду хи санна, уьш тӀепаза дӀабойийла. Шайн Ӏад цара дуьйлича, пхерчий кегделча санна хуьлийла.
9
ДӀайоьддушехь, ешна дӀайолу этмаьӀиг санна, дӀабовлийла уьш. Остаяьллачу зудчун берана санна, царна малх ма гойла.
10
Ешна кӀел йогучу коьллех цӀе латале, ховха я екъа уьш елахь, йилбазмохо дӀасаяржийна коьллаш санна уьш хуьлийла.
11
Бина бекхам шена гича, Делан лаамехь волчунна хазахетар хир ду. Цо Ӏесачун цӀийлахь шен когаш буьлур бу.
12
ТӀаккха адамо эр ду: «Билггал хуьлу Делан лаамехь волчунна стом! Иштта, волуш ву дуьнен чохь кхел еш волу Дела!»
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки