×

Делан Йозанаш 2012

Забур 58

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. Шаула Дауд верхьама цуьнан цӀа долчу кӀелховша нах бахийтича, Дауда язйина назма ю иза.
2
Сан Дела, мостагӀех со кӀелхьарваккхахьа! Суна дуьхьалбевллачех со ларвехьа.
3
Харцо лелочарах со Ӏалашвехьа, цӀий Ӏанор дезаш болчарах со кӀелхьарваккхахьа.
4
Уьш сан синна кӀелхевшина бу. Ас зулам дина я къа латор бахьана долуш, гуллуш бац нуьцкъалнаш суна дуьхьал, Веза Эла.
5
Сан бехк боццушехь, суна тӀелата дӀагуллуш бу уьш. Орцах а валий, хьажахьа соьга.
6
Массо ницкъийн Веза Дела, Исраилан халкъан Дела, самавалахьа дерриг халкъашна дуьхьалвалархьама, Мекарчарах цхьаннах а къинхетам ма бехьа.
7
Суьйранна схьабогӀий, жӀаьлеш санна, угӀу уьш, гӀалина гонах а лелаш.
8
Харцдерг дуьйцу церан меттанаша. Тарраш санна, ду уьш. «Хьанна хезар ду тхо?» — боху цара.
9
Амма, Веза Эла, Хьо воьлуш ву царах. Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттор ду дерриг а халкъаш.
10
Ва сан Ницкъ, Хьоьга ас кхойкху, хӀунда аьлча Хьо, Дела, сан гӀап ю.
11
Со везаш волу сан Дела суна хьалхавер ву. Дала со сайн мостагӀашна тӀехула хьоьжуьйтур ву.
12
Цкъачунна хӀаллак ма бе уьш, хилларг сан халкъана диц ца далийта. Хьайн ницкъаца дӀасакхиссинчул тӀаьхьа, эшабе уьш, Веза Эла, тхо лардеш верг.
13
Церан матта тӀера дош баганца латийна къа ду. Шайн куралла бахьана долуш юьхьӀаьржачу хӀуьттийла уьш, шаьш дуьйцу неӀалт а, харцдерг а бахьана долуш.
14
Хьайн оьгӀазаллица, хӀаллакбай, дӀабахахьа уьш. ДӀахоийла царна Якъубан махкана тӀехь Дела вуйла а, Цуьнан олалла дуьненан йисте кхаччалц дуйла а.
15
Суьйранна схьабогӀий, жӀаьлеш санна, угӀу уьш, гӀалина гонах а лелаш.
16
Юург лоьхуш, кхерста шайна, меца а долуш, гӀигӀ а деш.
17
Хьан ницкъах лаьцна ас иллеш эр ду, Ӏуьйранна хьалххе дуьйна Хьан къинхетам кхайкхор бу, хӀунда аьлча суна тӀе хало хӀоьттича, Хьо сан гӀап а, кӀелхьарволу меттиг а хилла.
18
Дела, сан ницкъ! Хьо хастор ву ас, хӀунда аьлча Хьо сан гӀап а, со везаш волу Дела а ма ву.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки