Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Бертан лили» олучу мукъамехь ала езаш ю. ХӀара хьехаме назма Дауда язйинера, |
| 2 |
| ша Арам-НахӀараим-махкахь а, Цоба-махкахь а арамхошца тӀом бечу хенахь а, Йоаба, цигара юха а вирзина, Дуьрачу тогӀи чохь шийтта эзар эдомхо хӀаллаквинчу хенахь а. |
| 3 |
| Ва Дела! Ахь дӀатесна тхо, Ахь дохийна тхо. Хьо оьгӀазвахана тхуна — хӀинца юхаметтахӀоттадехьа тхо! |
| 4 |
| Ахь латта ластийна, Ахь иза дохийна. Цуьнан йоьхна меттигаш меттахӀиттаехьа, хӀунда аьлча иза лесташ ду. |
| 5 |
| Ахь Хьайн халкъана къизалла йовзийтина, тхо дӀасатехкадолуьйту чагӀар малийна Ахь тхуна. |
| 6 |
| Хьайга ларамах буьзначарна Ахьа байракх хьалаайина, уьш Ӏодах кӀелхьарбовлийтархьама. |
| 7 |
| Хьайн аьтту куьйгаца тхо кӀелхьар а дахахьа, оха деш долу доӀанаш дӀа а хазахьа, Хьайна безнарш паргӀатбовлийтархьама. |
| 8 |
| Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш, Аса Шехем-гӀала а йоькъур ю, Сакхат-тогӀи а дӀасайоькъур ю. |
| 9 |
| ГалӀад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу, Эпрайм-мохк Сан коьртан чӀагӀо ю, ЯхӀуд-мохк — Сан паччахьаллин гӀаж ю. |
| 10 |
| Муаби-мохк — Сан юьхь-куьгдуьлург ю. Эдом-махкана тӀе Сайн мача кхуссур ю Ас, иза Сайн хилар дӀагайтархьама. Хьайн аз айадай, Соьга кхайкха, ПӀелаштам-мохк!» |
| 11 |
| ЧӀагӀйинчу гӀали чу хьан воккхур ву со? Эдом-махкана тӀе хьан вуьгур ву со? |
| 12 |
| Тхо дӀатеснарг Хьо-м вац те, ва Дела? Тхан эскаршца аравер вац те Хьо, ва Дела? |
| 13 |
| ГӀо дехьа тхуна мостагӀех тхаьш лардайта, хӀунда аьлча пайден дац адамашкара хуьлуш долу гӀо. |
| 14 |
| Делаца цхьаьна оха толам боккхур бу, тхан мостагӀий Цо дӀахьошур бу. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/059.mp3
150
59