×

Делан Йозанаш 2012

Забур 6

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма бархӀ мерз болчу пондарца ала еза.
2
ТӀех ма деттахьа суна, Веза Эла, Хьо оьгӀазвахханчохь. ТаӀзар ма дехьа суна Хьо дарвеллачохь.
3
Веза Эла, къинхетаме хилахьа соьца, со гӀел ма велла. Сан даьӀахкашка зуз догӀу, товехьа со.
4
Дог а ду сан, чӀогӀа гӀайгӀане доьжна. Мел Ӏан деза те сан Хьоьга сатуьйсуш?
5
Юха а валий, Веза Эла, паргӀатдаккхахьа сан са! Хьайн хедар боцучу безаман дуьхьа кӀелхьарваккхахьа со.
6
ХӀунда аьлча эхартехь Хьо цхьанна а дагавогӀур вац, веллачо Хьуна хастамаш а бийр бац.
7
Аса дечу узарша со гӀел а во, дӀавуьжу мотт аса сайн бӀаьрхишца бус-буса тӀун а бо. Сан велхаро со вуьжу мотт а башийна.
8
ГӀайгӀанехь хиларна сан бӀаьргаш гӀелделла. МостагӀий бахьанехь уьш телхина догӀу.
9
ДӀадовла уллора, харцонаш лелораш, хӀунда аьлча дӀахезна Везачу Элана сан велхаран узарш.
10
Со Шега кхайкхар дӀа а хезна, сан доӀанна жоп лур ду Везачу Эло.
11
Кхерийна а, эхь хетийтина а хир бу сан массо а мостагӀий. ЦӀеххьана юха а бирзина, юьхьӀаьржачу хӀуттур бу уьш.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки