×

Делан Йозанаш 2012

Забур 60

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара Даудан назма дечиг-пондаршца ала езаш ю.
2
ДӀахазахьа, ва Дела, сан деган тийжам, бехьа, сан Дела, сан доӀанан тергам.
3
Кхайкхам бо ас Хьоьга кху лаьттан йистера сайн эшначу дагца. Сол лекха йолчу тарха тӀе а ваккхий, дӀахӀоттавехьа со хӀинца,
4
со къайлавоккхург а Хьо волу дела, сан мостагӀашна дуьхьал онда бӀов санна а Хьо волу дела.
5
Вехийла со даим а Хьан цӀа чохь, къайлаволийла со Хьан тӀемаш кӀел.
6
Сан Веза Эла, ас йина чӀагӀо дӀахезна Хьуна. Хьох кхоьруш болчарна догӀучу шеретах дакъа суна а делла Ахьа.
7
Паччахьан денош Ахь, Веза Эла, дахдехьа, тӀаьхьенашкара тӀаьхьене шераш а дахдехьа.
8
Хуьлийла и Хьоьца массо а ханна. Ларвойла Ахь иза Хьайн хедар боцучу безамца а, тешаме хиларца а.
9
Эр ду ас даим Хьох лаьцна илли, кхочушъеш даим айса йина чӀагӀо.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки