×

Делан Йозанаш 2012

Забур 61

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ядутуне. Даудан назма.
2
Сан синан синтем Делаца бен ца хуьлу. Сан кӀелхьарвалар Цуьнгара ду.
3
Иза цхьаъ ю сан тарх а, сан кӀелхьарвалар а. Иза ю сан гӀап, со кхин меттахвер вац.
4
Мел бийр бу те аша стагана ницкъ? Шу дерриш а иза хӀаллакван гӀерта. Иза сеттина пен санна ву, охьаяха гергга йолу йоьхна керт санна ву.
5
Иза лаккхара охьатаса дагадеана царна, харцдерг дуьйцу цара. Багахь иза декъалво, ткъа дегнаш чохь цунна неӀалташ кхайкхадо цара.
6
Сан са, Делера цхьаьнгара леха хьайна синтем! Сан дегайовхо Иза бен яц.
7
Иза цхьаъ ю сан тарх а, сан кӀелхьарвалар а. Иза ю сан гӀап, со кхин меттахвер вац.
8
Сан кӀелхьарвалар Делах дозуш ду, сан сий а Цунах дозуш ду. Сан нуьцкъала тарх а Иза ю, суна дӀалачкъа меттиг а Иза ю.
9
Халкъ! Муьлххачу хенахь а Цунах тешна хила. Шайн дегнаш Цунна хьалха делхаде. Дела ву вайна дӀалачкъа меттиг.
10
КӀезиг берш доӀу са бен бац. ЦӀеяхна берш хӀумма а доцург бен бац. Терзанна тӀедехкича, церан барам бац. Уьш доӀучу синан барамехь бен дац.
11
ГӀело еш даьккхинчух тешна а ма Ӏе, шаьш лачкъийна даьккхинчух дозаллаш а ма де. Хьал алсамдуьйлуш делахь а, шайн дегнаш цунна дӀа а ма ло.
12
Кест-кеста Дала олура, ткъа суна иза дукхазза а хезара: ницкъ а, ва Дела, Хьоьгахь бу,
13
безам а, Хьалдолу Эла, Хьан бу. Ша-ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, Хьо хӀоранна а доггӀург дӀалуш ву.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки