×

Делан Йозанаш 2012

Забур 62

1
ЯхӀуд-махкарчу яьссачу аренгахь ша волуш Дауда аьлла йолу назма.
2
Дела! Хьо сан Дела ма ву! Сан даго Хьо даим а лоьху! Хьоьга сатуьйсуш ду суна чуьра са а. Кху даьссачу, дакъаделлачу, хине сатуьйсучу лаьтто санна, Хьоьга сатуьйсу ас.
3
Хьан дезачу цӀа чу хьоьжура со, Хьан нуьцкъалалла а, сийлалла а гархьама.
4
Хьан безам а, дикалла а дахарал гӀоле ду. Хьо хестош, бага юьззина ас илли эр ма ду.
5
Дуьнен чохь со мел веха, Хьо аса хестор ву. Хьоьга доӀанаш а деш, куьйгаш хьалакхийдор ду.
6
Токх кхачано санна, сан са Ахь дузу. Сайн айдинчу озаца Хьуна ас хастам бо.
7
Хьох лаьцна ойла йо ас буьйсанан дакъошкахь, Хьо дага оьху суна вижинчу хенахь!
8
Суна гӀо а Хьоьгара ду, Хьан тӀемийн ӀиндагӀехь со воккхавеш хир ву.
9
Сан са а безамца Хьох дӀа ма хьерча. ГӀо деш, со дӀалоцу Хьан аьтту куьйго.
10
Сан валар лоьхуш берш лаьттан буха кхочур бу.
11
Нуьцкъалчу таррашца эшийна уьш хир бу. ЧангӀалкхийн ижу хилла, уьш дӀахӀуьттур ма бу.
12
Ткъа паччахь а воккхавийр ву Дала шена деллачух. Хастамах вузур ву хӀора Делах дуй буург а, хӀунда аьлча мотт сецна буьсур бу харц мел луьйраш а.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки