×

Делан Йозанаш 2012

Забур 63

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2
Ва Дела, ас латкъам бечу хенахь, сан аз дӀахазахьа, мостагӀчуьнгахьара суна болчу кхерамах сан дахар лардехьа.
3
Вониг лелош болчеран ойланех а, зулам дечеран тобанех а со дӀахьулвехьа.
4
Цара шайн меттанаш, тарраш санна, ирдо, ткъа шайн дешнаш, дӀаьвше пхерчий санна, тӀекхуьссу.
5
Шайн кӀелонера цара и пхерчий бехке воцчунна тӀе кхуьссу. ХӀуманах а ца кхоьруш, цара цӀеххьана цунна тӀе уьш кхуьссу.
6
Шайн зуламечу ойланашкахь цара вовшийн чӀагӀбо. «Иза-м хьанна гур бара?» — бохуш, шаьш кечбина гур къайлабаккха цара барт бо.
7
Мекара ойланаш а еш, цара олу: «Говза хьесап дина оха». Адаман кийрахь а, дага чохь а дерг къайлаха ма ду!
8
Амма Дала царна тӀе пхерчий кхуьссу. Уьш цӀеххьана дӀа а лоцур бу.
9
Цара шайн меттанашца шаьш хӀаллакбийр бу. Уьш гуш мел волчо кхардамца кортош лестор ду.
10
Массо а адам кхералур ду, цара Делан гӀуллакх кхайкхор ду, Цо динчух лаьцна ойланаш йийр ю.
11
Делан лаамехь верг самукъадаьлла хир ву, ша Везачу Элаца цхьаьна хиларна. Цо Везачу Эле ша ларвойтур ву. ДогцӀена болчу массара а Цунна хастамаш бийр бу.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки