Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Йиш. |
| 2 |
| Цийон-ломахь Хьуна хастам бан хьакъ ма ду, Дела, Хьуна дина нигаташ кхочушдина хир ма ду. |
| 3 |
| Тхан доӀанаш Хьуна дӀахеза. Муьлхха а адам Хьуна тӀе догӀу. |
| 4 |
| Къилахь долчу гӀуллакхаша гӀелвина со, ткъа Ахь тхан зуламашна гечдо. |
| 5 |
| Декъала ву Ахь хаьржинарг, Хьайн керташкахь Ӏайта Хьайна тӀеозийнарг! Тхо Ӏаьбна хир ду Хьан цӀийнан диканах, Хьо Ӏаш йолчу меттиган еза хиларх дузур ду тхо. |
| 6 |
| Тхо кӀелхьардохург волу Дела, Хьо жоп луш ву тхуна ларамах дузуьйтуш долчу паргӀатдахаран гӀуллакхаш дарца. Лаьттан массо а маьӀӀехь болчеран а, генарчу хӀордашца болчеран а сатуьйсийла а Хьо ву. |
| 7 |
| Хьайн ницкъаца Ахь лаьмнаш дӀахӀиттадо, Хьайн гӀодаюккъехь гӀора а Ахь латтадо. |
| 8 |
| ХӀордийн а, церан тулгӀенийн гӀовгӀа а, халкъийн карзахдалар а дӀасацош верг а Хьо ву. |
| 9 |
| Лаьттан йистошкахь бехаш берш Хьан тамашийнчу билгалонашка ларамах буьзна бу. Малхбалехь а, малхбузехь а бехаш болчаьрга Хьайна хастамаш бойту Ахьа. |
| 10 |
| Ахь латта Ӏалаш а до, цунна хи а латтадо, иза токхе а хуьлуьйту Ахь, тӀехъюьзна йолу хин Ӏовраш а луш. Ахь адамашна ялта кхуьуьйту, Айхьа латта оцу гӀуллакхна кхоьллина дела. |
| 11 |
| Ахь лаьттан хершнаш хих а дузу, гӀорзанаш дӀа а шарйо, догӀанан тӀадамашца латта кӀад а до, цу тӀехь мел яьлла хӀума декъал а йо. |
| 12 |
| Ахь шарна а, коьрта тӀе таж санна, беркат кховдадо, Хьан лараш а токхонах юьзна ю. |
| 13 |
| Ахь яьссачу аренашкахь дежийлаш а ло, гунаш хазахетарх а дузу. |
| 14 |
| Сийначу дежийлашкахь жаш ду дежаш. ТогӀешкахь ялта ду кхуьуш, даккхийдерца эшарш а лоькхуш. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/064.mp3
150
64