|
| 1 |
|
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: назма. Аз айдина кхайкхалахь Деле, дерриг а дуьне. |
|
| 2 |
|
| Цуьнан цӀеран сийлаллина йиш лакха, Цуьнан сийдеш, Цунна хастамаш бе. |
|
| 3 |
|
| Ала Деле: «Айхьа дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду! Хьан алссам болу ницкъ бахьанехь Хьан мостагӀий а Хьуна хьалха текха. |
|
| 4 |
|
| Хьуна хьалха дерриг дуьне а охьатаьӀа, цо Хьуна эшарш а лоькху. Хьан цӀарна эшарш лоькху цо!» |
|
| 5 |
|
| Схьа а дуьйлий, хьовсийша, Дала дечу гӀуллакхашка. Адамийн дуьхьа Цо дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду. |
|
| 6 |
|
| Цо хӀорд а лакъийра, латта декъа а хилийтира. Тхан дай, Йордан-хи а лекъна, декъачу лаьтта тӀехула гӀаш дехьабевлира. Цигахь Цунна даккхийдеш хуьлийла тхо! |
|
| 7 |
|
| Шен нуьцкъалаллица Цо гуттара а олалла до. Цуьнан бӀаьргаш халкъашна тӀедерзийна ду. Аьрха нах Цунна дуьхьал ма гӀовттийла! |
|
| 8 |
|
| Халкъаш, аша вайн Далла хастам бе, Цунна бечу хастаман аз дӀахозийла. |
|
| 9 |
|
| Цо вайн синош а дийна дитина, вайн когаш а бега ца байтина. |
|
| 10 |
|
| Веза Дела, Ахь зийна тхо, цӀергахь лала а деш, цӀандо дети санна, цӀан ма дина Ахь тхо. |
|
| 11 |
|
| Ахь тхо гуре лацийтира, тхан ги деза маххьаш дехкира. |
|
| 12 |
|
| Ахь тхан кортош тӀехула мостагӀа ластавайтира. ЦӀерах а, хих а тхо чекхдевлира, ткъа Ахь тхо маьршачу метте арадехира. |
|
| 13 |
|
| Дийнаташ дагоран сагӀанаш дахьаш, со Хьан цӀийнан керта вер ву, Хьуна айса дина нигаташ а ас кхочушдийр ду. |
|
| 14 |
|
| И нигаташ ас дина, со холчу хӀоьттича, сан багара уьш девлира, со вистхилча. |
|
| 15 |
|
| Хьуна сагӀина ас дерстина дийнаташ дахьар ду, койн мохь а ягор ю. СагӀина ас стерчий а, бежалой а яхьар ю. |
|
| 16 |
|
| Схьа а дуьйлий, ладогӀийша, Далла хьалха ларамах дуьзначу массара а, Цо сан дуьхьа мел динарг дуьйцур ду ас шуна. |
|
| 17 |
|
| Сайн багахула кхайкхира со Цуьнга, сайн маттаца лакхаваьккхира ас Иза. |
|
| 18 |
|
| Сайн даг чохь ас къа латтийнехьара, Хьалдолчу Элана со дӀахезар вацара. |
|
| 19 |
|
| Ткъа Далла со дӀахезира, сан доӀан озан Цо тидам бира. |
|
| 20 |
|
| Хастам бу сан доӀа дӀа ца теттина волчу а, Шен безам сох дӀа ца къастийна волчу а Далла. |
|
|
|
|