×

Делан Йозанаш 2012

Забур 66

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара йиш, хӀара назма, мерз-пондаршца лакха езаш ю.
2
Дела вайца къинхетаме хуьлийла, Цо вай декъал а дойла, Цо Шен юьхь тӀера серло вайна лепайойла,
3
кху лаьттарчу адамашна Хьан некъ бовзийтархьама а, массо а халкъашна Хьоьгара долу кӀелхьардовлар довзийтархьама а.
4
Ва Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша. Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша.
5
Самукъа а долийла, хазахетар а хуьлийла къаьмнийн, хӀунда аьлча Ахь халкъашна тӀехь нийсонца кхел а йо, лаьттарчу къаьмнашна тӀехь урхалла а до.
6
Веза Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша. Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша.
7
Лаьтто шен стом белла. Вайн Дела волчу Дала вай декъалдо.
8
Дала вай декъалдо, лаьттара массо а маьӀӀера адам Цуьнга болчу ларамах дуьзна хилийтархьама.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки