|
| 1 |
|
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма Даудан илли ду. |
|
| 2 |
|
| Дуьхьалволийла Дела Шен мостагӀашна, хӀаллакьхуьлийла Цуьнан мостагӀий. ДӀауьдийла Далла хьалхара Иза цавезарш. |
|
| 3 |
|
| Мохо дӀасабаржош болу кӀур санна, дӀасабаржабойла Ахьа уьш. ЦӀеро башош болу балоз санна, хӀаллакьхуьлийла Делан лаамехь боцурш. |
|
| 4 |
|
| Ткъа Делан лаамехь берш самукъадаьлла хуьлийла. Далла хьалх дог айаделла а, баккхийбеш а хуьлийла уьш. |
|
| 5 |
|
| Алалаш иллеш Далла! Алалаш иллеш Цуьнан цӀарна! Вазвелаш мархашкахь Лелаш верг! Цуьнан цӀе Веза Эла ма ю. Самукъане хуьлийла шу Цунна хьалх! |
|
| 6 |
|
| Байлахь бисинчеран Да а волу, бисина Ӏачу зударшкахьа ГӀодоккхург а волу Дела ву Ша къастийна долчу Шен дезачу цӀа чохь. |
|
| 7 |
|
| Цхьа бисинарш а Дала хӀусамаш чу дӀатарбо. Тутмакхаш а Дала буржалех паргӀатбоху. Ткъа Цунна муьтӀахь боцурш яьссачу екъачу арахь ма буьсу. |
|
| 8 |
|
| Ва Дела! Хьо Хьайн халкъана хьалхаваьлла воьдучу хенахь, яьссачу арахь Хьо волавелла воьдучу хенахь, |
|
| 9 |
|
| Латта а дегадора, стигалш а ешара, Синай-ламанан Далла хьалх, Исраилан халкъан Далла хьалх. |
|
| 10 |
|
| Беркате догӀа доуьйтура Ахь, Дела, Хьайн долахь долу латта ницкъ боцуш дисича, иза юха а чӀагӀ а деш. |
|
| 11 |
|
| Цу лаьттахь Хьан халкъ дехаш дӀахӀоьттира, Хьайн диканца мискачунна оьшург латтийра Ахь, Дела. |
|
| 12 |
|
| Хьалдолу Эла хаам беш вистхилира, ткъа и хаам дӀасабаржош болу зударий дуккха а бара. |
|
| 13 |
|
| «МостагӀчун эскарш а, паччахьаш а дӀасауьдуш ма бу». Ткъа цӀахь бисина зударий еана хӀонс йоькъуш ма бу: |
|
| 14 |
|
| тӀемаш дети диллина а, месаш деши диллина а долу и кхокхий. (Шу, божарий, гӀотанаш юкъахь хиъна хӀунда дисина?) |
|
| 15 |
|
| Нуьцкъалчу Дала кху лаьттахь паччахьаш дӀасабаржийча, Ӏаьржачу Цалмун-лам тӀе кӀайн ло диллича санна хеталора. |
|
| 16 |
|
| Башан-лам — сийлахь лам ма бу! Дукха лекха баххьаш цунна тӀехь ма ду! |
|
| 17 |
|
| ХӀунда хьоьжу шу хьегарца, ва лекха лаьмнаш, Дала Шен бу аьлла къастийначу ломе? Вехар ву Веза Эла цу лам тӀехь даим. |
|
| 18 |
|
| Делан сийлахь гӀудалкхаш итт эзарал а алссам ю, эзарнаш а эзарнаш ю. Царна юккъера Веза Эла Синай-лома тӀера Шен дезачу цӀа чу воьссира. |
|
| 19 |
|
| Хьо хьала ма велира цу ламанан боххье, йийсарехь болчарна хьалха а хӀуттуш. Адамашкара Ахьа, Веза Эла, совгӀаташ тӀеийцира, ур-атталла Хьо вехачу шахьарна дуьхьалбевллачийн карара а. |
|
| 20 |
|
| Декъала ву Хьалдолу Эла, дахаран мохь денна а тхан метта лелош волу а, тхо кӀелхьардоху Дела волу а. |
|
| 21 |
|
| Вайн Дела — кӀелхьардоху Дела ву. Хьалдолчу Элан карахь ду вайн Ӏожаллех довлар. |
|
| 22 |
|
| Дала Ша эгор ду мостагӀийн кортош а, харцонаш лелочийн юькъа месаш йолу хьеш а. |
|
| 23 |
|
| Везачу Эло ма аьлла: «Башанна тӀера мостагӀий Ас юхаберзор ма бу. ХӀорда бухара а Ас уьш схьабохур ма бу, |
|
| 24 |
|
| хьан жӀаьлеша мостагӀийн цӀий чу шайн меттанаш Ӏиттийтархьама а, хьоьга хьан когаш церан цӀийла бахкийтархьама а». |
|
| 25 |
|
| Гуш дара, Дела, Хьан сийлахь болар, сан паччахь волчу Делан Шен цӀа чу валар. |
|
| 26 |
|
| Хьалхабевлла боьлху эшарш лоькхурш а, царна тӀаьхьахӀиттина богӀу зурманчаш а. Ткъа юкъарчу могӀарехь, вотанаш а етташ, мехкарий а ма бу. |
|
| 27 |
|
| Декъалвелаш Дела тукхамийн гуламехь, вазвелаш Веза Эла, аша, Исраилан хӀух долчара. |
|
| 28 |
|
| Хьалхадаьлла догӀу Бен-Яманан жима тайпа. ЯхӀудхойн элий а богӀу шайн йоккхачу тобанца. Забулхойн элий а бу напталхойн элашца. |
|
| 29 |
|
| Ва Дела, омра дехьа Хьайн ницкъаца. Гайтахьа Хьайн ницкъ, Ахьа хьалха ма-гайттара, |
|
| 30 |
|
| Ярушалаймехь долчу Хьайн цӀийнехь. Цу чу Хьуна лерина совгӀаташ дахьар ду паччахьаша. |
|
| 31 |
|
| ДӀатедехьа Ахьа Мисаран халкъ, эрзана юкъарчу экханах тераниг, эсий санна долчу халкъашна юкъахь стерчийн бажа санна долу, шен долахь долчу деших тамаш бийриг. Цара, кортош охьа а таӀийна, Хьуна шайн дато гӀорзанаш йохьийла. ДӀасатийсахьа Ахь тӀом безаш долу халкъаш. |
|
| 32 |
|
| Мисар-махкара богӀур бу векалш. Кхийдор ду Хьоьга, Дела, хушахоша шайн куьйгаш. |
|
| 33 |
|
| Лаьттарчу пачхьалкхаша Далла ала иллеш. Вазве Хьалдолу Эла шайн иллешца! |
|
| 34 |
|
| Вазве аш дуьне кхуллуш дуьйна стигалшкахь Леларг. Нуьцкъалчу озаца стигал къекъош къамел до Цо. |
|
| 35 |
|
| Делан ницкъ хилар къобалделаш! Исраилан халкъана тӀехь ю Цуьнан возалла. Мархашна тӀехь ю Цуьнан нуьцкъалалла. |
|
| 36 |
|
| Дела, кхераме ву Хьо Хьайн цӀа чуьра Хьо вогӀучу хенахь. Исраилан халкъан Дела! Ахь ло Хьайн халкъана ницкъ а, чӀагӀо а. Декъала ву Хьо, Дела! |
|
|
|
|