Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Дагалацийтаран доӀа. |
| 2 |
| Ва Дела, со кӀелхьарваккха сихо ехьа. Веза Эла, суна гӀоьнна тӀеван сихлохьа. |
| 3 |
| Сан синан хӀаллакьхилар лоьхурш эхь доьссина а, сийсазбаьхна а хуьлийла! Суна зулам хила луурш, юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, юхаберзабойла! |
| 4 |
| Со емал а веш, соьга: «Жолам-яӀ!» — бохурш, шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттарна, боьхна хьийзийла. |
| 5 |
| Хьо лоьхуш берш массо а Хьо бахьанехь хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла! Шаьш Ахь кӀелхьардахар дезаш болчара саццаза: «Сийлахь ву Дела!» — олийла. |
| 6 |
| Со-м къен а, миска а ву. Дела, суна тӀе кхача сихлохьа! Хьо ву суна гӀо дийриг а, со паргӀатвоккхург а. Веза Эла, хье ма лохьа! |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/069.mp3
150
69