|
| 1 |
|
| Бен-Яманан тӀаьхьенах волчу Хушин гӀуллакх бахьана долуш Дауда Везачу Элана аьлла тийжаме назма. |
|
| 2 |
|
| Сан Веза Дела! Ахьа со ларвар лоьху ас. Массо а суна тӀаьхьабевллачех кӀелхьара а ваккхий, Ахьа паргӀатваккхахьа со, |
|
| 3 |
|
| хӀунда аьлча, лоьмо санна, со хьаьшна, сан са доккхур ду цара, кӀелхьарвоккхург суна уллохь воцучу хенахь. |
|
| 4 |
|
| Сан Веза Дела! Нагахь соьгара цхьа хӀума даьллехь, я сан куьйго къа латийнехь, |
|
| 5 |
|
| нагахь аса сайца машарехь Ӏаш волчунна зе динехь, я сан мостагӀчунна, бехк а боцуш, со бахьана долуш ницкъ хиллехь, |
|
| 6 |
|
| мостагӀчо, суна тӀе а кхиъна, схьа а лаьцна, лаьттахь сан са а хьаьшна, сох чан а йина, вуьтийла со. |
|
| 7 |
|
| Валахьа, Веза Эла, Хьайн оьгӀазаллица дуьхьал, и оьгӀазалла сан мостагӀийн дераллина дуьхьал а йоккхуш. Самавалахьа, Сан Дела, меттахӀоттаехьа нийсо. |
|
| 8 |
|
| Массо а халкъаш Хьайна гонах а гулдай, Хьо волчу лакхахь царна тӀехь Куьйгалхо хилахь. |
|
| 9 |
|
| Везачу Эло йо халкъашна тӀехь кхел. Со бакъхиларе хьаьжжина, ехьа, Веза Эла, суна кхел. Сан дог а цӀена ма ду. |
|
| 10 |
|
| Адамийн хьекъал а девза Хьуна, дегнаш а чекх го Хьуна, тхан бакъволу Дела. Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь, ткъа Хьайн лаамехь берш чӀагӀ а бехьа. |
|
| 11 |
|
| Со ларвеш долу турс ду Дела, догцӀена берш кӀелхьарбоху Цо. |
|
| 12 |
|
| Дела бакъонца кхел Йийриг ву. ХӀора дийнахь зуламхошна кхел кхайкхош ву Иза. |
|
| 13 |
|
| Нагахь ишттачех цхьаъ Шегахьа ца верзахь, Цо, Шен тур а ирдой, Шен Ӏад а дулий, уьш цунна тӀе хьажадо. |
|
| 14 |
|
| Ӏожалла тӀейоуьйту Цо, Шен гӀирс схьа а оьций, Шен догу пхерчий цунна тӀехьажадо. |
|
| 15 |
|
| Шен даг чохь зуламаш кхоьллинчо, кхечарна вон болх хила луучо ша-шена харцо кхуллу. |
|
| 16 |
|
| Кхечунна ор доккхург ша оцу ор чу вужур ву. |
|
| 17 |
|
| Ша кхоьллина баланаш цунна тӀе юхабоьрзур бу, цо дина зулам а цуьнан шен коьртах кхетар ду. |
|
| 18 |
|
| Ас хастам бо Везачу Элана Иза бакъ хиларна. Веза Воккхачу Элан цӀеран сийнна йиш а локху аса. |
|
|
|
|