×

Делан Йозанаш 2012

Забур 70

1
Хьоьга, Веза Эла, со ларвойту аса, юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла со цкъа а.
2
Хьо бакъ хиларна, кхерамах паргӀатваккхахьа со. Хьайн лергаш соьгахьа дерзадай, кӀелхьарваккхахьа со.
3
Муьлххачу а хенахь сан дӀалачкъа йиш йолу тарх санна хилахьа суна. Ахь дош делла со кӀелхьарваккха, цундела Хьо сан чӀагӀо а, гӀап а ю.
4
Сан Дела! Харцо лелочарах кӀелхьарваккхахьа со, къизачу а, ницкъ бечу а нахах ларвехьа со.
5
Хьо сан сатийсар ду, Хьалдолу Эла, жимачохь дуьйна дегайовхо ю.
6
Вичхьана а дагца Хьоьца чӀагӀвелла со. Ахь ненан кийрара схьаваьккхина со. Хьо ас гуттар а хестор ву.
7
Дукхахболчарна сан дахар тамашийна хета, хӀунда аьлча Хьо со нуьцкъала Ларвийриг ву.
8
Хьан сийлалла хӀора дийнахь хестайо ас, Хьан возаллех долу дош сан багахь даим ду.
9
Со, къанвелча, дӀа ма тасалахь, сан гӀора дӀадолучу хенахь со-со ма виталахь.
10
Сан мостагӀий суна луьйш бу, со вен ларвеш берш барт беш бу.
11
Цара боху: «Дала дӀатесна иза, тӀаьхьа а довлий, схьалаца иза, и кӀелхьарваккха цхьа а вац цуьнан».
12
Дела! Гена ма валахьа суна. Сан Дела! Сихха орцахвалахьа суна.
13
Сан синна дуьхьал мостагӀалла лелораш, эхь а хетта, дӀабовлийла, суна зулам лоьхуш берш юьхьӀаьржачу хӀиттийтахьа!
14
Гуттар а Хьох дегайовхо йолуш а, Хьуна лерина муьлхха а хастам алсамбоккхуш а хир ву со.
15
ХӀора дийнахь Хьан бакъдерг дуьйцуш, Ахь кӀелхьардахар кхайкхор ду ас, цуьнан барам суна ца хаахь а.
16
Сан Хьалдолчу Элах болу кхаъ бахьаш, вогӀур ву со, Хьан нийсо ас кхайкхор ю, Хьан цхьаннан нийсо.
17
Дела! Жима волуш дуьйна Ахь нийсачу новкъа ваьккхина со, Хьан тамашийначу хӀуманех лаьцна хӀинццалц схьадуьйцу ас.
18
Къанвелча а, къежвелча а, дӀа ма тасалахь со, Дела, кху тӀаьхьенна а, цул тӀаьхьа хин болчарна а ас Хьан ницкъах лаьцна дийццалц.
19
Хьан нийсо, Дела, стигалшка а кхочу, инзаре гӀуллакхаш дина Ахь. Дела, мила ву Хьоьга кхочуш?
20
Дукха а, луьра а халонаш гойтура Ахь суна, амма юха а со денвийр ву Ахь, лаьттан кийрара гӀаттор ву.
21
Со юха а тевийр ву Ахь, сан сийлалла алсам а доккхуш.
22
Дечиг-пондарца Хьо хастош, Хьо тешаме хилар дуьйцур ду ас, сан Дела. Мерз-пондарца Хьох лаьцна назманаш йохур ю, Исраилан Везаниг!
23
Ахь кӀелхьардаьккхина сан са доккхадеш ду, Хьуна хастам беш, сайн багахь ас мукъам бечу хенахь.
24
ХӀора дийнахь сан матто Хьан нийсо кхайкхор ю, хӀунда аьлча суна зулам лоьхуш берш юьхьӀаьржачу хӀиттийна Ахь, царна эхь а хетийтина Ахь.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки