|
| 1 |
|
| Сулиман назма. Ва Дела! Паччахьна Ахьа йийриг санна кхел ян Ӏамадехьа, ткъа паччахьалла дечунна Хьайн нийсо лохьа. |
|
| 2 |
|
| Хьан адамашна тӀехь нийса паччахьалла дойла Цо, ур-атталла гӀело хьоьгучу Хьан нахана тӀехь бакъдолу олалла дойла Цо. |
|
| 3 |
|
| Лаьмнаша адамашна беркат дохьийла, гунаша царна нийсо йохьийла. |
|
| 4 |
|
| Халкъана юкъара гӀело хьоьгучарна цо нийсонца кхел а йойтийла, мискачун кӀентий цо кӀелхьар а бохийла, амма ницкъ бийраш цо дӀа а совцабойла. |
|
| 5 |
|
| Нах Хьуна хьалха ларамах буьзна хуьлийла, малх а, бутт а мел лаьтта, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка. |
|
| 6 |
|
| Иза хуьлийла, буц хьаькхначу бай тӀе догӀу догӀа санна, лаьттана тӀуналла луш долу догӀанан тӀадамаш санна. |
|
| 7 |
|
| Цуьнан заманахь нийсо лаьттийла, бутт дӀабаллалц беркат хуьлийла. |
|
| 8 |
|
| ХӀорда тӀера хӀорда тӀе кхаччалц, Эпрат-хина тӀера лаьттан йисте кхаччалц цо паччахьалла дийр ду. |
|
| 9 |
|
| Яьссачу аренашкара бахархой цунна хьалха охьаоьгур бу, цуьнан мостагӀаша а лаьттана меттанаш хьоькхур ду. |
|
| 10 |
|
| Таршашан а, хӀордаца дозуш долчу мехкийн а паччахьаша цунна йолана хӀума яхьар ю. Шеба-мехкан а, Себа-мехкан а паччахьаша а цунна совгӀаташ дахьар ду. |
|
| 11 |
|
| Массо а паччахьаш цунна хьалха охьатеӀар бу. Массо а халкъаша цунна хьалхара гӀуллакх дийр ду. |
|
| 12 |
|
| ХӀунда аьлча орца доккхуш волу мисканиг цо паргӀатвоккхур ву, гӀо лаца цхьа а воцу гӀело хьоьгург а кӀелхьарвоккхур ву. |
|
| 13 |
|
| Иза гӀийлачуьнца а, пекъарца а къинхетаме хир ву, цо мискачеран синош кӀелхьардохур ду. |
|
| 14 |
|
| ГӀело ярх а, ницкъ барх а цо церан синош лардийр ду, цунна церан цӀий деза хетар ду. |
|
| 15 |
|
| Паччахь дукха вехийла! Шеба-махкара деши цунна лойла. Массо а хенахь цунна тӀера доӀанаш дойла. Дийнахь сарралц иза декъал а войла. |
|
| 16 |
|
| Лаьттахь кӀа шорта хуьлийла. Лаьмнийн лакхенашкахь иза дӀасалестийла. Цуьнан стоьмаш, Ливанунехь санна, дукха хуьлийла. ГӀалара адамаш, аренгара буц санна, дебийла. |
|
| 17 |
|
| Абаденналц цуьнан цӀе йиц ма лойла. Дуьненахь малх мел кхета иза цӀеяхана хуьлийла. Цуьнан цӀарах халкъаша вовшийн декъалдойла. Царна массарна а иза декъалвина хетийла. |
|
| 18 |
|
| Хастам бу Везачу Далла, Исраилан халкъан Далла! Веккъа Иза ву тамашийна гӀуллакхаш кхуллург. |
|
| 19 |
|
| Цуьнан сийлаллин цӀарна абаденналц хастам бойла. Цуьнан сийлаллех дерриг дуьне а дузийла. Амин! Амин! |
|
| 20 |
|
| Юшайн кӀентан Даудан доӀанаш чекхдевли. |
|
|
|
|