|
| 1 |
|
| Асайпан назма. Мел дика ву Дела Исраилан халкъаца, дог цӀена болчаьрца! |
|
| 2 |
|
| Амма сох лаьцна аьлча, сан ког шарша гергга бара, некъа тӀехь гӀулч а йоккхуш, галвала со гергга вара. |
|
| 3 |
|
| Ӏесачеран аьтто балар сайна гича, дозаллаш дечаьрга сан хьагӀ хуьлура. |
|
| 4 |
|
| Шаьш дӀакхалххалц цара баланаш а ца хьоьгу, церан догӀмаш могуш а хуьлу. |
|
| 5 |
|
| Адамийн гӀайгӀанашкахь цара дакъа а ца лоцу, кхиболчу наха санна, цара гӀело а ца хьоьгу. |
|
| 6 |
|
| Цундела, коча ухкучу туьтеша санна, куралло дӀалаьцна уьш, тӀедухучу духаро санна, къизалло дӀахьулбина уьш. |
|
| 7 |
|
| Берстина хьера а бевлла, къинош летадо цара, церан дегнаш чохь йолу ойланаш мекара ю. |
|
| 8 |
|
| Кхардамца кхечарах лаьцна вон къамелаш до цара. Дозаллаш дарца нахана гӀело яран ойланаш йо цара. |
|
| 9 |
|
| Цара шайн баганаш стигалшка хьала а йохуьйту, церан меттанаш лаьттахула дӀаса а даьржа. |
|
| 10 |
|
| Цундела цара дечунна тӀедоьрзу Цуьнан халкъ а, цара лелочух кхоччуш ша дуза а деш. |
|
| 11 |
|
| Цо олу: «Далла и муха хуур ду? Веза Воккхачунна иза хуийла а дуй те?» |
|
| 12 |
|
| Иштта бу и Ӏесанаш! Цхьана а хӀуманан гӀайгӀа ца ешшехь, церан хьал алсамдолу. |
|
| 13 |
|
| Ас сайн дагахь элира: «ТӀаккха аса сайн дог цӀандар а, сайн куьг цӀена леладар а эрна хилла те? |
|
| 14 |
|
| Дийнахь сарралц соьга Ӏазап а хьоьгуьйту, хӀора Ӏуьйранна суна таӀзарш а дойту». |
|
| 15 |
|
| Ткъа: «Ас цу тайпана къамел дийр ду», — ас аьллехьара, Хьан берийн тӀаьхьенна хьалха со бехке хир вара. |
|
| 16 |
|
| Ас ойла йора, со цунах муха кхетар вара те бохуш. Амма суна цунах кхета хала дара, |
|
| 17 |
|
| Делан цӀийнан керта а вахана, Ӏесачеран кхолламах со кхетталц. |
|
| 18 |
|
| Бакъду, ког шершачу меттиге дӀа а хӀиттийна, Ахь уьш тӀепаза бойуьйтур бу. |
|
| 19 |
|
| Ма сиха хӀаллакьхуьлу уьш, къемат тӀедарца чекхбовлу уьш. |
|
| 20 |
|
| Самабевлча, дӀадовш долу гӀан санна хуьлу уьш, Хьалдолу Эла. Сама а ваьлла, царах хилларг а дицдийр ма ду Ахь. |
|
| 21 |
|
| Сан дог гӀайгӀане хиллачу хенахь, сан са карзахдаьллачу хенахь, |
|
| 22 |
|
| сонта а вара, кхеташ а вацара со. Хьуна хьалха бежана санна вара со. |
|
| 23 |
|
| Амма гуттара а Хьоьца ву со. Ахь аьтту куьйга дӀалоцу со. |
|
| 24 |
|
| Хьайн хьехарца дахарехь дӀанисво Ахь со, цул тӀаьхьа Хьайн сийлалле дӀаоьцур ву Ахь со. |
|
| 25 |
|
| Хьо воцург мила ву суна стигалахь? Хьо воцург цхьа а ца оьшу лаьттахь. |
|
| 26 |
|
| Сан дегӀ а, сан дог а ца мегачу даьллехь а, Дела — сан деган чӀагӀо а ю, абаденналц сан дакъа а ду. |
|
| 27 |
|
| ХӀунда аьлча шаьш Хьуна гена бохурш хӀаллакьхуьлу. Хьайна тешаме воцу хӀорра а Ахь хӀаллакво. |
|
| 28 |
|
| Ткъа сох лаьцна аьлча, суна-м дика ду Далла гергахь хилар. Со ларваран меттиг йира ас Хьалдолчу Элах. Хьан дерриг а гӀуллакхаш ас дӀакхайкхор ду. |
|
|
|
|