|
| 1 |
|
| Асайпан хьехаме назма. Ва Дела, тхо гуттаренна а дӀа хӀунда тесна те Ахь? Хьайн жа санна долчу тхуна дар хӀунда велла те Хьо? |
|
| 2 |
|
| Айхьа ширачу заманахь дуьйна дола даьккхина Хьайн халкъ, мах белла паргӀатдаьккхина Хьайн тукхам дагадаийтахьа! Хьо тӀехь Ӏаш хилла болу Цийон-лам дагабаийтахьа! |
|
| 3 |
|
| Хьайн когаш гуттаренна а Ӏохкучу саьлнашна тӀеберзабехьа. МостагӀчо Хьан дезачу цӀа чуьра дерриг хӀума а дохийна дӀадаьккхина. |
|
| 4 |
|
| Хьо тхуна дуьхьалкхетачу меттигехь Хьан мостагӀаша гӀигӀ дора. Тхан байракхийн метта шайн байракхаш дӀахӀиттийна цара. |
|
| 5 |
|
| Боьлакан дитташна диг тӀедерзош болчех шаьш тера хилар гойтура цара. |
|
| 6 |
|
| Ткъа хӀинца, куц а далош, дечиг хьокхуш мел йина хӀума шайн дагаршца а, жӀаьвнашца а йохийна цара. |
|
| 7 |
|
| Хьан деза цӀа дерриг а дагийна цара. Хьан цӀе шена чохь йолу меттиг сийсазъяьккхина бевлла уьш. |
|
| 8 |
|
| Шайн дегнаш чохь: «Уьш-м бохийна дӀабохур бара вай», — бохуш, — лаьттара Делан гуламаш дӀахӀуьтту ерриге а меттигаш ягийна цара. |
|
| 9 |
|
| Тамашийна билгалонаш ца го тхуна, пайхамар а вац тхан хӀинца, хӀара хьал мел лаьттар ду хууш волу стаг а вац тхоьца. |
|
| 10 |
|
| Веза Дела, мел лаьттар ву те мостагӀа, Хьо емалвеш? Гуттара-м хир яц те мостагӀчо Хьан цӀе сийсазйохуш? |
|
| 11 |
|
| Хьайн куьг — Хьайн аьтту куьг — сеца хӀунда до те Ахь? Хьайн духаран хоршана юккъера иза схьатохий, хӀаллакбехьа уьш. |
|
| 12 |
|
| Амма Хьо, Дела, ширачу заманара дуьйна сан Паччахь ву, лаьттахь кӀелхьарвалар дахьаш верг Хьо ма ву! |
|
| 13 |
|
| Хьайн ницкъаца хӀорд а дӀасабекъабалийтира Ахь, хи чуьра саьрмикийн кортош а кегдира Ахь. |
|
| 14 |
|
| Левиятан цӀе йолчу хӀордан саьрмикан кортош Ахь хьаьшира, цуьнан дегӀ яьссачу аренгарчу акхарошна юучунна дӀаделира. |
|
| 15 |
|
| Хьостанаш а, татолаш а дӀаэхийтира Ахь. Саццаза дӀаихна хиш а лакъийра Ахь. |
|
| 16 |
|
| Де а Хьан ду, буьйса а Хьан ю. Стигалара серлонаш а, малх а Ахь дӀахӀоттийна. |
|
| 17 |
|
| Лаьттан массо а дозанаш Ахь дӀахӀиттийна. Аьхке а, Ӏа а Ахь дӀакъастийна. |
|
| 18 |
|
| Дагадаийтахьа Хьайна мостагӀа Хьайх кхардар, Веза Эла, сонтачу цу халкъо Хьан цӀе сийсазъяхар. |
|
| 19 |
|
| Хьайн къоркхокханан са акхаройн кара дӀа ма лохьа. ГӀело хьоьгуш долчу Хьайн халкъан дахар гуттаренна а диц ма дехьа. |
|
| 20 |
|
| Хьажахьа Айхьа бинчу барте, хӀунда аьлча лаьттара ерриге а бодане меттигаш ницкъ баран меттигех юьзна. |
|
| 21 |
|
| Ницкъ хилларг, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, юха ма воьрзийла. ГӀело хьоьгучо а, мискачо а Хьан цӀарна хастамаш бойла. |
|
| 22 |
|
| Ва Дела, дуьхьал а валий, Хьайн гӀуллакх лардехьа, сонтачо дийнахь сарралц Хьо емалвар дагадаийтахьа. |
|
| 23 |
|
| Диц ма дехьа Хьан мостагӀаша хьекхна маьхьарий а, Хьуна дуьхьалбевллачара хаддаза еш йолу гӀовгӀа а. |
|
|
|
|