Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма. |
| 2 |
| Хастам бо оха Хьуна, Дела. Хьан цӀе уллохь хиларна Хьуна хастам бо. Адамаша Хьан тамашийначу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу. |
| 3 |
| Ахьа боху: «Хан билгал а яьккхина, Ас нийсонца йолу кхел хоржур ю. |
| 4 |
| Латта дӀасалесташ хилча а, цунна тӀехь мел бехаш берш кхерамехь хилча а, цуьнан бӀогӀамаш чӀагӀдийриг Со ма ву. |
| 5 |
| Курабевллачаьрга Ас боху: „Кура ма дийла“, ткъа Ӏесачаьрга: „Шайн ницкъах дозалла ма де, |
| 6 |
| стигална дуьхьал шайн ницкъах дозалла ма де, кура корта а айина, деза детташ ма дийца“». |
| 7 |
| ХӀунда аьлча малхбалера а, малхбузера схьа а, я яьссачу аренгара схьа а дац стеган лекха хилар, |
| 8 |
| амма Дела ву Кхелахо: Цо цхьаъ охьатаӀаво, ткъа важа лакхавоккху. |
| 9 |
| Везачу Элан карахь цхьа кад бу, иза бецаш тоьхна кхехкаш болчу чагӀарх буьзна бу. Лаьттан массо а Ӏесачарна Цо оцу кеда чуьра Ӏанадо, ткъа цара бухахь йолчу букъаршца цхьаьна дӀамер ду и чагӀар. |
| 10 |
| Аса-м Дала мел дийриг даим дуьйцур ду. Якъубан Далла Аса хастамаш бийр бу. |
| 11 |
| Ӏесачеран ницкъ Цо дӀабоккхур бу, амма Цуьнан лаамехь болчеран ницкъ чӀагӀбийр бу. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/074.mp3
150
74