×

Делан Йозанаш 2012

Забур 75

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: мерз-пондаршца лакха езаш ю. Асайпан назма.
2
ЯхӀудан халкъана юкъахь Дела вевзаш ву, Цуьнан цӀе исраилхошна юкъахь лоруш ю.
3
Цуьнан четар Шалейм-гӀалахь ду, Иза Ӏаш волу меттиг Цийон-лам тӀехь ю.
4
Цигахь кегдина Цо стелахаьштиг санна долу пхерчий а, турсаш а, тарраш а, иштта берриг а тӀеман гӀирс а бохийна.
5
Серлонехь а лепаш, Хьайн паччахьалла гойтуш ву, тӀехь ижу Ахь яьккхинчу лаьмнашкара Хьо вуссуш ву.
6
Майра мостагӀий хӀонс яьккхина богӀу, Ӏожаллин наб кхетта уьш Ӏохкуш бу. Массо а оцу тӀемалошка шайн куьйгаш тӀом бан хьала ца айало.
7
Хьан оьгӀазе аз дӀахезча, ва Якъубан Дела, говраш а, церан дошлой а, Ӏадийна, белла.
8
Массо а нах Хьох кхоьруш латта беза, Дела. Хьуна хьалха мила латталур ву, Хьо оьгӀазвахча.
9
Стигалара схьа кхел кхайкхийна Ахьа. Латта, кхераделла, дӀатийна,
10
Хьо, Дела, кхел ян гӀаьттича, дуьнен тӀехь гӀело мел хьоьгург кӀелхьарваккхархьама.
11
Бакъду, адамашна йолчу Хьан оьгӀазлоно Хьуна хастамаш бойтур бу. Хьайн дералла, духар санна, Ахь тӀеюхур ю.
12
Шайн Везачу Далла хьалха чӀагӀонаш а е, уьш кхочуш а е. Гонах мел долчу къаьмнаша совгӀаташ дохьийла шаьш кхера Дезачунна.
13
Цо элийн синош дохадо, лаьттара паччахьаш кхерабо.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки