×

Делан Йозанаш 2012

Забур 76

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ядутуне. Асайпан назма.
2
Сан аз Деле кхойкхуш ду, Цуьнга орца а дохуш. Сан аз Деле кхойкхуш ду, Цунна со дӀахазийтархьама.
3
Бала тӀебеанчу дийнахь со Хьалдолу Эла лохуш ву. Буьйсанна сайн ши куьг саццаза дӀасадохуьйту ас, амма сан са шена синтем барх къаьхка.
4
Дела дага а оьхуш, ас узарш до. Ойланаш а еш, сан са доьхна ду.
5
Ахьа соьга ши бӀаьрг дӀа ца къовлуьйту, гӀайгӀанехь хиларна, вист а ца хилало со.
6
ДӀадаханчу денойх лаьцна ас ойла йо, тохарлера шераш суна дагаоьху.
7
Буьйсанна сайн иллеш дагаоьху суна, ойла а еш, сан сино хоьтту:
8
«Массо а ханна дӀатеттина те со Хьалдолчу Эло, кхин цкъа а резахир вуй те Иза?
9
Цуьнан хедар боцу безам гуттаренна а дӀабаьлла те, Цуьнан ваӀда массо а тӀаьхьенашна дӀадаьлла те?
10
Шен дикалла гайтар Дала дицдина те? ОьгӀазаллица Шен къинхетам дӀачӀаьгӀна те?»
11
Ткъа ас элира: «ХӀара бу сан бала: Веза Воккха Дела тхан дуьхьа кхин цалелар».
12
Сайна дагадоуьйтур ду ас Везачу Элан гӀуллакхаш, дагадоуьйтур ду ас Ахьа дӀаяханчу заманахь дина тамашийна хӀуманаш.
13
Со кхета хьожур ву дерриг а Хьан гӀуллакхех, ойла йийр ю ас Хьан сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна.
14
Дела! Беза бу Хьан некъ. Мила ву иштта сийлахь Дела, тхан Дела санна!
15
Хьо тамашийна гӀуллакхаш деш волу Дела ву, Хьайн ницкъ къаьмнашна юкъахь гойтуш а ву.
16
Хьайн ницкъаца Ахьа Хьайн халкъ кӀелхьардаьккхина, Якъубан а, Юсупан а тӀаьхье.
17
Хишна Хьо гина, ва Дела, Хьо ган а гина, уьш кхераделла, кӀорга хӀорд а лестина.
18
Мархаша хи охьаоьхуьйтура, стигал а яра къекъаш, Хьан пхерчий а дара кхуьссуш.
19
Хьан къовкъаран аз мохехь дара схьахезаш. Дуьне ткъесо серладохура, латта, меттахдуьйлуш, дегош дара.
20
Хьан некъ хӀорда юккъехь бу, доккхачу хишна юккъехула дӀабоьду Хьан некъ, амма Хьан лараш ца гинера.
21
Жа санна, дӀадуьгура Ахьа Хьайн халкъ Мусан а, АхӀаронан а куьйгаца.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки