|
| 1 |
|
| Асайпан хьехаме назма. ЛадогӀа ас хьоьхучуьнга, ва сан халкъ, сан багарчу дешнийн тидам бе. |
|
| 2 |
|
| Сан багахула ас хьекъале хӀуманаш дуьйцур ду, ширачу заманашкара хӀетал-металш а далор ду. |
|
| 3 |
|
| Тхуна иза хаза а хезнера, довза а девзинера, вайн дайша иза тхуна дийца а дийцинера. |
|
| 4 |
|
| Тхайн берех иза къайла а доккхур дац. Хинйолчу тӀаьхьене оха дӀадуьйцур ду Везачу Элан сийлахь гӀуллакхех лаьцна, Цуьнан ницкъах а, Цо динчу тамашийначу хӀуманех а лаьцна. |
|
| 5 |
|
| Цо Якъубан тӀаьхьенна бакъонаш дӀахӀиттийра, Исраилан халкъана товрат-хьехам дӀабелира. Тхан дайшна тӀедиллира Цо шайн берашна цаьрга иза дӀадовзийтар. |
|
| 6 |
|
| Цу тайпана тӀейогӀучу тӀаьхьенна иза хуур дара, дуьнен чу бовлучу наха шайн берашна иза дӀадуьйцур а дара. |
|
| 7 |
|
| ТӀаккха адамашна юкъахь Делах тешар дахлур дара, Цуьнан гӀуллакхаш диц а лур дацара, дерриг а халкъо Цуьнан весеташ лардийр дара. |
|
| 8 |
|
| Уьш шайн дайх тера хир бацара, аьрха а, муьтӀахь боцуш а, шайн дегнашца Делах ца тешаш а, шайн синца Цунна тешаме боцуш а. |
|
| 9 |
|
| Эпраймхойн карахь секхаӀедаш хиллехь а, тӀом бечу дийнахь уьш дӀа ма бевдира. |
|
| 10 |
|
| Делаца бина барт лар ца бора цара, Цуьнан товрат-хьехамца баха а ца лиира царна. |
|
| 11 |
|
| Царна дицделлера Цуьнан гӀуллакхаш, Цо гайтина долу тамашийна хӀуманаш а дицделлера царна. |
|
| 12 |
|
| Мисар-махкахь, ЦоӀан олучу кӀоштахь, церан дайн бӀаьргашна хьалха гайтира Цо тамашийна хӀуманаш. |
|
| 13 |
|
| Эрзийн хӀорд дӀаса а беккъа, цу юккъехула чекхбехира Цо уьш, ткъа хиш, пенаш санна, лаьтташ дара. |
|
| 14 |
|
| Дийнахь — мархица дӀабуьгура уьш Везачу Эло, ткъа буьйса дӀаяллалц — цӀеран серлонца некъ гойтура царна. |
|
| 15 |
|
| Яьссачу аренгахь Цо, тархаш екъа а екъна, кӀоргачу хӀорда санна шортта хи царна лора. |
|
| 16 |
|
| Тархах Ӏовраш Цо охьайолаялийтира, татолаш санна, хиш а дӀасадаьржира. |
|
| 17 |
|
| Амма уьш Цунна дуьхьал къинош леточуьра ца совцура, яьссачу аренгахь Веза Воккхачунна дуьхьал а гӀуьттуш. |
|
| 18 |
|
| Шайна Иза вевззашехь, Дела зуьйш бара уьш, шайна безаш болу кхача а боьхуш. |
|
| 19 |
|
| Далла дуьхьал къамелаш а деш, цара бохура: «Яьссачу аренгахь кхача кечлур буй те Деле? |
|
| 20 |
|
| Цо тархах тоьхча, хи охьадоладелира, Ӏовраш санна, шортта хи охьадеара. Амма тхуна кхача балалур буй те Цуьнга? Шен къомана жижиг далалур дуй те Цуьнга?» |
|
| 21 |
|
| Везачу Элана иза дӀахезча, оьгӀазаллин цӀе латийра Цо Якъубана дуьхьал, дераллин цӀе Исраилан халкъана тӀехьажийра Цо, |
|
| 22 |
|
| Делах долу тешар церан ца хиларна а, Цуьнан кӀелхьардахарх уьш тешна ца хиларна а. |
|
| 23 |
|
| ТӀаккха, мархашна омра а дина, Цо стигалан неӀарш дӀайиллира, |
|
| 24 |
|
| Цо кхачанан буьртигаш царна тӀе диссийтира, догӀа санна, стигалара кӀа царна дӀаделира. |
|
| 25 |
|
| Маликийн бепиг дууш дара адамаш, Цо иза царна уьш буззалц делира. |
|
| 26 |
|
| Стигалахь Цо малхбалехьара мох карзахбаьккхира, иштта къилбехьара мох а Шен ницкъаца карзахбаьккхира. |
|
| 27 |
|
| Цо, чан санна, жижиган догӀа даийтира царна тӀе, хӀорда йистера гӀум санна, дукха олхазарш а гӀовттийра. |
|
| 28 |
|
| Церан четаршна гонах охьа а оьгуьйтуш, Цо олхазарш церан меттаматтана тӀе дахкийтира. |
|
| 29 |
|
| Цара шаьш дуззалц биира и кхача, хӀунда аьлча лиънарг дара Цо царна делларг. |
|
| 30 |
|
| Амма шаьш лиънарг уьш дӀайиъна а бовлале, и кхача церан багахь болчу хенахь, |
|
| 31 |
|
| царна Дела оьгӀазвахара, Цо церан тоьлла берш а байира, исраилхойн кегийрхой а хӀаллакбира. |
|
| 32 |
|
| И дерриг а хилла доллушехь, цара кхидӀа а къинош летадора, уьш Цуьнан тамашийна гӀуллакхех а ца тийшира. |
|
| 33 |
|
| Церан дахаран чаккхе Цо эрна хилийтира, церан оьмаран шераш Цо кхерамехь чекхдехира. |
|
| 34 |
|
| Цо царах цхьаберш мосазза хӀаллакбо, царах болчу кхечара Иза лоьхура. Уьш Далла тӀе а боьрзура, даггара Цуьнга а хьоьжура. |
|
| 35 |
|
| Царна дагадеара, Дела — шайн тарх хилар а, Веза Воккха Дела шаьш ПаргӀатдохург хилар а. |
|
| 36 |
|
| Шайн баганашца уьш Цунна хьесталора, шайн харцматтаца Цунна хьалха бакъ доцург дуьйцура цара. |
|
| 37 |
|
| Церан дегнаш Цунна тӀедирзина дацара, Цо бинчу бартана уьш тешаме бацара. |
|
| 38 |
|
| Амма Къинхетаме волчу Цо, церан къиношна геч а дора, уьш хӀаллак а ца бора. Дукхазза а Шен оьгӀазвахар царна тӀера дӀа а доккхура Цо, Шен дераллина некъ а ца лора. |
|
| 39 |
|
| Цунна дагахь лаьттара, уьш адамаш хилар, юха ца доьрзуш долу садеӀар бен цахилар. |
|
| 40 |
|
| Яьссачу аренгахь хийлазза Иза оьгӀазъоьхуьйтура цара, акхачу аренгахь хийла дог дохадора цара Цуьнан! |
|
| 41 |
|
| Цара юх-юха а Дела зуьйра, Исраилан Везаниг оьгӀаз а вохуьйтуш. |
|
| 42 |
|
| Царна Цуьнан ницкъ болуш хилар дага ца догӀура, Цо шаьш мостагӀех кӀелхьардахаран де а дицделлера царна. |
|
| 43 |
|
| Царна дицделлера Мисар-махкахь Цо шайна Ӏаламаташ дар, иштта ЦоӀан-кӀоштахь царна тамашийна гӀуллакхаш гайтар. |
|
| 44 |
|
| Мисархойн хиш Цо цӀийх хьаладуьзира, цаьрга хи ца малийтархьама. |
|
| 45 |
|
| Царна тӀе жӀаьлийн мозий хийцира Цо, уьш дӀакхаллийтархьама, иштта пхьидарчий а тӀехийцира, уьш хӀаллакбайтархьама. |
|
| 46 |
|
| Церан ялта цо цаьпцалгашна дӀаделира, иштта церан кхаш цӀазана дӀаделира. |
|
| 47 |
|
| Церан кемсашна тӀе къора туьйхира Цо, церан инжиран дитташ а шаца хӀаллакдира. |
|
| 48 |
|
| Церан дохнна Цо къора туьйхира, церан бажа стелахаьштигна дӀабелира. |
|
| 49 |
|
| Шен оьгӀазаллин цӀе хьажийра Цо царна тӀе, хӀаллакдаран геланчийн жӀуга санна, дералла а, эргӀаддалар а, халонаш а йоуьйтуш. |
|
| 50 |
|
| Цо Шен оьгӀазаллина некъ баьккхира, цхьа а стаг Ӏожаллех кӀелхьар а ца ваьккхира, церан дахар Ӏожаллин уьнна дӀаделира. |
|
| 51 |
|
| Мисар-махкахь Цо массо а хьалха вина доьзалхо валийтира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтург Хьамин четаршна чохь хӀаллакбира. |
|
| 52 |
|
| Шен халкъ Цо, жа санна, арадаьккхира, Цо уьш, уьстагӀий санна, яьссачу аренгахула дуьгура. |
|
| 53 |
|
| Цо уьш маьршабахарна, уьш къар ца белира, ткъа церан мостагӀий хӀордо къайлабехира. |
|
| 54 |
|
| Халкъ схьадалийра Цо Шен дезачу лаьтта тӀе, аьтту куьйгаца Ша баьккхинчу лаьмнийн махка тӀе. |
|
| 55 |
|
| Хийра халкъаш царна хьалхара дӀалаьхкира Цо, церан латта Шен халкъана дӀа а кхочуьйтуш. Исраилан халкъ шайн хӀусамаш чохь даха хаийра Цо. |
|
| 56 |
|
| Амма уьш Дела зуьйш дӀабуьйлабелира, Везачу Воккхачунна дуьхьалгӀевттира, Цуьнан бакъонаш лар а ца йора цара. |
|
| 57 |
|
| Шайн дай санна, уьш а Делах дӀабирзира, иштта тешаме боцуш а лелара. Уьш харц секхаӀад санна хилира. |
|
| 58 |
|
| Шайн сагӀа доккхучу гунашца Иза оьгӀазъоьхуьйтура, шайн цӀушца Цуьнан эмгаралла меттахйохура. |
|
| 59 |
|
| Уьш Шена дӀахезча, Дела оьгӀазвоьдура, Цо Исраилан халкъ кхоччуш дӀатоттура. |
|
| 60 |
|
| Цо йитира Шилунера Шен хӀусам, Ша адамашна юкъахь Ӏийна долу четар. |
|
| 61 |
|
| Шеца бинчу бертан тӀорказ Цо йийсаре дӀаделира, Шен сийлаллин билгало мостагӀийн кара дӀаелира. |
|
| 62 |
|
| Цо туьран кара дӀаделира шен къам, Шен долахь болчарна Иза оьгӀазвахара. |
|
| 63 |
|
| ЦӀеро церан къона божарий дӀакхоллура, зудаберашна маре дигаран эшарш а ца лоькхура. |
|
| 64 |
|
| Церан динан дай туьро хӀаллакбора, ткъа бисина болу зударий уьш бахьана долуш белха а ца боьлхура. |
|
| 65 |
|
| Амма Хьалдолу Эла меттавеара, набарх ваьлча санна, Иза меттавеара, маларо карзахваьккхина турпалхо санна. |
|
| 66 |
|
| Цо Шен мостагӀий юхаберзийтира, царна тӀе даима эхь а даийтира. |
|
| 67 |
|
| Юсупан тӀаьхье дӀатеттира Цо, Эпрайман тайпа а ца хаьржира. |
|
| 68 |
|
| ЯхӀудан тайпа къобалдира Цо, Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира. |
|
| 69 |
|
| Лекхачу стигалахь йолу Шен шахьар санна, Цо Шен еза меттиг йира цигахь. Латта санна, Цо иза массо а ханна чӀагӀйира. |
|
| 70 |
|
| Цо Шен ялхо волу Дауд хаьржира, иза дежийлашкара схьа а ваьккхира. |
|
| 71 |
|
| Цо иза уьстагӀий Ӏалашдечуьра схьаваьккхира, цуьнга, Ӏуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта, Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Ӏалашдайта. |
|
| 72 |
|
| Дауда уьш цӀеначу дагца Ӏалашбора, Цо и къам говзачу куьйгашца дуьгура. |
|
|
|
|