×

Делан Йозанаш 2012

Забур 78

1
Асайпан назма. Ва Дела! Кхечу къаьмнаша дӀалаьцна Хьан долахь долу латта, цара бехдина Хьан деза цӀа, Ярушалаймах саьлнаш йина дӀахӀиттийна цара.
2
Хьан леш болчеран декъий стигаларчу олхазаршка даийта дӀаделла, ткъа Хьуна тешаме болчеран догӀмаш цара лаьттарчу акхарошна дӀаделла
3
Цара, хи санна, цӀий Ӏанийна Ярушалаймана гонах, уьш дӀабохка стаг а вацара.
4
Уллора къаьмнаш тхох кхаьрда, гонах мел верг тхох воьлуш а, тхо сийсаздеш а ву.
5
Веза Эла, мел дахлур ду те Хьан оьгӀазвахар, Хьан эмгаралла, цӀе санна, йогуш мел лаьттар ю те?
6
Хьо къобал ца вечу халкъашна тӀе хьажаехьа Хьайн оьгӀазалла, Хьуна Ӏамал ца ечу пачхьалкхашна тӀе хьажаехьа Хьайн дералла.
7
ХӀунда аьлча цара Якъубан халкъ дӀакхаьллина, иза Ӏаш болу мохк а бохийна.
8
Тхан дайн къинош бахьана долуш тхо жоьпе ма озадехьа, Хьайн къинхетам сиха гайтахьа тхуна, хӀунда аьлча тхан гӀора дӀадаьлла.
9
ГӀо дехьа тхуна, тхан КӀелхьарваккхархо волу Дела, Хьайн цӀеран сийлаллин дуьхьа. КӀелхьардахахьа тхо, тхан къиношна геч а дехьа Хьайн езачу цӀеран дуьхьа.
10
Кхечу къаьмнех болчу наха хӀунда хоьтту: «Мичахь ву церан Дела?» Тхан бӀаьргашна хьалха кхечу къаьмнашна хаийтахьа, Хьан ялхойн цӀий Ӏанорна Айхьа бекхам бийриг хилар.
11
Йийсархойн узарш Хьуна дӀахезийла, Хьайн нуьцкъалаллица кӀелхьарбахахьа хӀаллакьхила леринарш.
12
ВорхӀазза дӀадекхахьа тхан лулахошна царна Хьалдолу Эла волу Хьо ларар дола хетар.
13
Ткъа тхо, Хьан халкъ, Хьан дежийлашкара уьстагӀий, массо а ханна Хьуна хастамаш беш хир ду, оха тӀаьхьенера тӀаьхьене а Хьан сийлалла дӀакхайкхор ю.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки