×

Делан Йозанаш 2012

Забур 79

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Бертан лили» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма.
2
Исраилан халкъан Ӏу, ладогӀахьа! Юсупан тӀаьхье, жа санна, дӀадуьгуш верг, каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршана тӀехь хиъна Ӏаш верг, Хьуо гайтахьа
3
Эпраймана а, Бен-Яманна а, Маннашана а хьалха. Схьагайтахьа Хьайн ницкъ, тхо кӀелхьардаха волахьа.
4
Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа, тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.
5
Ва массо а ницкъийн Веза Дела! Хьан халкъо деш долчу доӀанашна оьгӀаз а вахана, мел Ӏийр ву те Хьо?
6
Ахьа Хьайн халкъана бӀаьрхих дуьзна бепиг даийна, дуккха а бӀаьрхиш а малийна Ахьа цунна.
7
Уллора къаьмнаш тхоьца эгӀийра Ахь, тхан мостагӀий тхох кхаьрдаш бу.
8
Массо а ницкъийн Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа, тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.
9
Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара, халкъаш дӀа а лаьхкина, и таьлланг дӀаюьйгӀира Ахьа.
10
Цуьнан дуьхьа меттиг дӀацӀанйина Ахьа, ткъа цо шен орамаш охьадахийтира, иштта латта хьаладуьзира.
11
Лаьмнаш цуьнан ӀиндагӀо дӀахьулдира, цуьнан гаьннаша сийлахь баганан-дитташ кхелира.
12
Цу таьлланго шен гаьннаш Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхаччалц дӀадахийтина, иштта шен синтарш а Эпрат-хина тӀе кхаччалц дӀадахийтина.
13
ХӀунда яьккхина Ахьа цу кемсийн бешана гонахара керт дӀа? ХӀинца цигахула тӀех мел волучо а цуьнан стоьмаш схьадоху.
14
Неларчаша а йохайо иза, аренгарчу акхароша а иза йоу.
15
Массо а ницкъийн Дела! Схьаверзахьа! Стигалара схьахьажахьа, тидам бехьа! ХӀокху кемсийн бешан гӀайгӀа бехьа!
16
Хьайн аьтто куьйго дӀадийначун гӀайгӀа бехьа, Ахьа Хьайн дуьхьа чӀагӀдина долу синтаран а гӀайгӀа бехьа.
17
МостагӀаша иза, каг а дина, цӀарца дагийна. ОьгӀазечу юьхьца цаьрга хьажахьа, уьш хӀаллакбехьа.
18
Хьайн куьг, Дела, Хьайна аьтту агӀор волчу стагана тӀе диллахьа, Айхьа ницкъ болуш хилийтинчу адаман кӀантана тӀе диллахьа Хьайн куьг.
19
ТӀаккха тхо Хьох дӀадоьрзур дац. Тхо дендехьа, тӀаккха Хьоьга кхойкхуш хир ду тхо.
20
Массо а ницкъийн Веза Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа, тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки