Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъам балош болчу гӀирсаца ала еза. |
| 2 |
| Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла! Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь! Стигалшкахь дӀахӀоьттина ду Хьан сий! |
| 3 |
| Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула. ГӀап дӀахӀоттийра Ахьа, Хьайн мостагӀий бахьана долуш. Хьуна дуьхьалбевлларш а, бекхам бийраш а дӀасовцорхьама дира Ахьа иза. |
| 4 |
| Ахь кхоьллинчу стигалшка со хьалахьаьжча, цу тӀехь Ахь шен-шен метте дӀахӀиттийна буттий, седарчий го суна. |
| 5 |
| Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача? Адаман кӀант мила ву, Ахьа цуьнан гӀайгӀа бан? |
| 6 |
| Стигалийн гуламан декъашхойл дукха лах ца дина Ахь адам, сийлаллин таж а делла, вазвина Ахь иза. |
| 7 |
| Ахь адам олалла дан дӀахӀоттийна Айхьа кхоьллинчу массо а хӀуманна тӀехь. Ахь адаман когашка диллина доллу хӀума а: |
| 8 |
| уьстагӀий а, бежанаш а, иштта акхарой а, |
| 9 |
| стигалара олхазарш а, хӀорда чуьра чӀерий а, хӀорда чохь мел лела садолу хӀума а. |
| 10 |
| Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла! Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь! |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/008.mp3
150
8