×

Делан Йозанаш 2012

Забур 80

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъамехь ала еза. Асайпан назма.
2
Самукъадаларна йиш лакха вайн ницкъ болчу Далла. Синкъераме мохь бетта Якъубан Деле.
3
Йиш лакха, жиргӀа етта, хаза дечиг-пондар а, мерз-пондар а лакха.
4
Коьман маӀа лакха бутт цӀинлучу хенахь а, бутт бузар вайн дезде долчу хенахь а.
5
Иштта ду Исраилан халкъана делла парз, иза ду Якъубан Дала тӀедиллинарг.
6
Иза Дала Юсупан тӀаьхьенна тӀедиллина, Мисар-махкана дуьхьал Иза араволучу хенахь. Сайна бевзаш боцу мотт суна хеза:
7
«Ас шун белшашна тӀера мохь дӀабаьккхина, шун куьйгаш карарчу тускарех мукъа а даьхна.
8
Баланехь долу шу Соьга кхайкхича, Аса шу кӀелхьардехира. Ткъесан мархина юккъера схьа Ас шуна жоп делира. Мерибан хиш долчохь Ас шу зийра.
9
ЛадогӀа, Сан халкъ, Ас шуьга дӀахьедо. Исраил, ахьа мукъана а Соьга ладогӀахьара!
10
Шайна юкъахь хийра дела ма хилийта, кхечу къаьмнех волчу далла Ӏибадат а ма де.
11
Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара арадаьхнарг. ДӀаелла хьайн бага, Ас иза хьалаюзур ю.
12
Амма Сан халкъо Сан озе ла ца дугӀура, Исраилан халкъ Суна къера хила лууш а дацара.
13
Цундела Ас цуьнга цуьнан даго боххург дойтура, шена луъург а дойтуш, лелийтира.
14
Сан халкъо мукъана Соьга ладогӀахьара, Исраилан халкъ Сан некъашца лелахьара!
15
ТӀаккха церан мостагӀашна тӀехь Ас сихха толам боккхур бара, царна дуьхьалбевллачарна тӀе Сайн куьг хьажор дара.
16
Веза Эла ца везаш берш кхерарца Цунна хьалха суждана гӀур бара, ткъа царна тӀехь долу таӀзар массо а ханна лаьттар дара.
17
Ас шуна уггар дика кӀа даор дара, тархах даьккхина моз а лур дара шуна».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки