×

Делан Йозанаш 2012

Забур 82

1
Асайпан назма.
2
Дела! Вист ца хуьлуш ма висахьа, къора а, хӀумма а ца деш ма хилахьа, Дела.
3
Хьажахьа, Хьан мостагӀий бу карзахбевлла, Хьо ца везачу цара шайн кортош хьалаайина.
4
Хьан халкъана дуьхьал цара мекара ойланаш йо. Хьуна дукхабезаш болчарна дуьхьал а къайлаха барт бо.
5
Цара олу: «Даха а гӀой, церан къам хӀаллакде вай, кхин цкъа а Исраилан халкъан цӀе дага ца яийтархьама».
6
Берриш а вовшех дагабовлу, цара Хьуна дуьхьал барт бо:
7
эдомхой а, исмаьӀалхой а, муабахой а, хӀагирхой а,
8
гебалхой а, Ӏамминхой а, Ӏамалекхахой а, Цора-гӀаларчу бахархошца цхьаьна пӀелаштамхой а.
9
Ашур-мохк а царна тӀаьхьахӀоьттина, ЛутӀин тӀаьхьенна гӀортор хилла, дӀахӀоьттина иза.
10
Дехьа царна Айхьа маданхошна диннарг, Айхьа Къишун-хина уллохь Сисрина а, Ябинна а диннарг.
11
Уьш Ӏейндарахь байинера, ткъа церан декъех лаьттан кхелли хиллера.
12
Царна а, церан куьйгалхошна а Айхьа Ӏорабна а, Зиабна а диннарг дехьа, церан массо а элана а Айхьа Зебахьна а, ЦалманаӀна а диннарг дехьа,
13
«Делан долахь долу латта вайн дола доккхур ду вай», — аьлла болчу.
14
Сан Дела! Йилбазмохана дуьхьал нисъелла чан санна хуьлийла уьш, мохана дуьхьал нисделла ча санна а хуьлийла уьш.
15
ЦӀаро ягош йолу хьун, алуно морцуш долу лаьмнаш санна,
16
Хьайн дарцаца лахкахьа уьш, Хьайн йилбазмохаца кхерабехьа уьш.
17
Уьш юьхьӀаьржачу хӀиттабехьа, Веза Эла, Хьайга кхайкхийтархьама.
18
ЮьхьӀаьржачу а хӀиттина, боьхна лелийла уьш гуттар а, эхь а доьссина, хӀаллакьхуьлийла уьш.
19
Шен цӀе Веза Эла йолуш волу Хьо бен Воцург, дерриге а лаьтта тӀехь Веза Воккханиг хилар дӀахоийла царна.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки