×

Делан Йозанаш 2012

Забур 83

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъамехь ала еза. Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2
Ва массо а ницкъийн Веза Эла! Ма тайна ду-кх Хьо Ӏаш долу цӀенош!
3
Сан са цига кхача лууш ду. Везачу Элан цӀийнан керташкахь хила сан са хьаьгна а ду. Самукъа а даьлла, сан дог а, сан дегӀ а дийна волчу Деле кхойкхуш ду.
4
Хьозанна а шена даха меттиг карайо, чӀегӀардигна а шен кӀорнеш чуяхка бен карабо Хьан сагӀа доккхучу кхерчана уллохь, массо а ницкъийн Веза Эла, сан Паччахь а, Дела а!
5
Декъала бу Хьан цӀа чохь бехаш берш: уьш гуттаренна а Хьо хестош бу.
6
Декъала ву шен ницкъ Хьох боьзна верг а, Хьан цӀийне болчу новкъахула ваха дагахь верг а.
7
Белхаран аренгахула дӀабоьлхуш, цигахь цара хьостанийн меттиг йо, гуьйренан догӀано иза Ӏаьмнашца юзайо.
8
Церан ницкъ тӀех совболу, уьш Цийонна тӀехь Далла хьалха дӀахӀуьтту.
9
Массо а ницкъийн Веза Дела, дӀахазахьа сан доӀа! ДӀахазахьа ас бохург, Якъубан Дела.
10
Тхо лардечу паччахье хьажахьа, Дела! Декъалвехьа Айхьа къобалвинарг.
11
Хьан кертахь даьккхина долу цхьа де вукху меттехь даьккхина эзар дийнал а тоьлу, Делан цӀийнан кевнехь латтар гӀоле ду Ӏесачеран четарш чохь Ӏачул.
12
Веза Дела вайна малх а, турс а ву. Цо вайна диканиг до, вайн сий а до. ЦӀеначу новкъахула лелаш волчунна муьлхха а диканиг дарехь Ша саца ца во Цо.
13
Ва массо а ницкъийн Веза Эла! Декъала ву Хьох тешна Ӏаш верг!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки