Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма. |
| 2 |
| Веза Эла! Хьайн махкана диканиг дина Ахьа, Якъубан тӀаьхье юхаметтахӀоттийна Ахьа. |
| 3 |
| Хьайн халкъан зуламна геч а дина Ахьа, церан къинош къайла а даьхна Ахьа, |
| 4 |
| Хьайн оьгӀазвахар а Ахьа дӀадаьккхина, Хьайн къизачу дераллех а Хьо дӀавирзина. |
| 5 |
| Дела, тхан КӀелхьардохург, тхо юхаметтахӀиттадехьа, тхуна тӀехь йолу Хьайн дералла дӀаяккхахьа. |
| 6 |
| Массо а ханна ю те Хьан оьгӀазалла, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка а хир ю те Хьан оьгӀазалла? |
| 7 |
| Тхо юха дендийр дац те Ахьа, Хьайн халкъ юха а Хьо бахьана долуш доккхадейта? |
| 8 |
| Гайтахьа тхуна, Веза Эла, Хьайн хедар боцу безам, Хьайн кӀелхьардаккхар а лохьа тхуна. |
| 9 |
| ЛадугӀур ду аса Везачу Дала бохучуьнга. Цо машар бийр бу Шен халкъаца, Шена тешаме болчаьрца, юха а тила ма лойла уьш. |
| 10 |
| Цунна хьалха ларамах буьзна берш Цо кӀелхьарбахар герга ду, Цуьнан сийлалла вайн лаьттахь хилийтархьама. |
| 11 |
| Безам а, тешаме хилар а вовшахкхетар ду, нийсоно а, маршоно а вовшашна барташ дохур ду. |
| 12 |
| Тешаме хилар лаьттара хьаладер ду, нийсо стигалара схьа охьахьоьжур ю. |
| 13 |
| Везачу Эло беркат лур ду, ткъа лаьтто шен стом кхиор бу. |
| 14 |
| Нийсо Цунна хьалхаяьлла лелар ю, цо Везачу Элана некъ кечбийр бу. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/084.mp3
150
84