×

Делан Йозанаш 2012

Забур 85

1
Даудан доӀа. Веза Эла, ладогӀахьа сан доӀане, тахана гӀийла а, миска а ву со.
2
Кхоадехьа сан са, Хьуна тешаме ма ву со. Хьайх дегайовхо йолу Хьайн лай кӀелхьарваккхахьа, сан Дела.
3
Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, дийнахь сарралц Хьоьга кхойкху ас.
4
Хазахетар лохьа Хьайн лена, Хьоьга кховдадо ас сайн са, Веза Эла.
5
Хьо дика а ву, гечдан кийча а ву, Хьалдолу Эла, Хьайга кхойкхучаьрца массаьрца а бу Хьан хедар боцу безам.
6
Веза Эла, сан доӀа а хазий, сан дехаршка ладогӀахьа.
7
Доьхначу дийнахь кхойкху ас Хьоьга, Ахь суна жоп лур долу дела.
8
Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гӀуллакхаш а дац.
9
Ахь кхоьллина халкъаш, схьа а даьхкина, Хьуна хьалх охьатаьӀар ду, Хьалдолу Эла, цара хастор ю Хьан цӀе.
10
Дела, Хьо воккха ву, Ахь до инзаре хӀуманаш. Хьо цхьаъ бен Дела вац.
11
Хьайн новкъа ваккхахьа со, Веза Эла, Хьуна тешаме волуш лелар вара со. Сан дог кхоччуш Хьайх кхерийтахьа.
12
Даггара Хьо хестор ву ас, сан Веза Дела, Хьан цӀеран сий дийр ду ас даим а,
13
хӀунда аьлча соьга болу Хьан хедар боцу безам боккха бу, эхартах сан са кӀелхьардаьккхи Ахь.
14
Дела! Кура нах бевлла суна дуьхьал, зуламхойн гӀера ю сан са лоьхуш. Хьоьга ларам бац церан.
15
Амма, Хьалдолу Эла, Хьо дика а, къинхетаме а, атта оьгӀаз ца воьдуш а, тешаме а, боккха безам болуш а ву.
16
Соьга хьажий, сох къинхетам бехьа. Хьайн лена Хьайн ницкъ лохьа, Хьайн гӀарбашан кӀант кӀелхьарваккхахьа.
17
Хьайн диканах йолу билгало гайтахьа суна, со ца везачарна, иза ган а гина, эхь хетар ду, Веза Эла, хӀунда аьлча Ахь гӀо дина суна, Ахь тевина со.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки