×

Делан Йозанаш 2012

Забур 86

1
Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2
Везачу Элан цӀийнан бух дезачу лаьмнашкахь бу. Якъубан тӀаьхьенан массо а Ӏаш йолчу меттигал а Цийонан кевнаш Везачу Элана дукха деза.
3
Ва Делан гӀала, хьох лаьцна сийлахь хӀуманаш олуш ду:
4
«Со вевзачу къаьмнашна юкъахь Ас хьахор ду Мисаран къам а, Бавелан къам а. ПӀелаштамхойх а, цорахойх а, хушахойх а лаьцна эр ду, уьш Сан гӀалахь бина бу аьлла».
5
Ткъа Цийонах лаьцна бохур ду: «ХӀара а, важа а цигахь вина, Веза Воккхачу Дала Ша иза чӀагӀйийр ю».
6
Къаьмнаш тӀеяздинчу тептар тӀехь Везачу Эло дӀаяздийр ду: «ХӀара цигахь вина», — аьлла.
7
Эшарш а лоькхуш, хелхарш дечара эр ду: «Цийонера ду сан мел долу беркат».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки