|
| 1 |
|
| Кхорахьан тӀаьхьенан назма. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ӏезарахьахо волчу ХӀайманан хьехаме йолу хӀара назма «Махьалат Лаунат» олучу мукъамехь лакха езаш ю. |
|
| 2 |
|
| Веза Эла, сан кӀелхьарваларан Дела! Хьоьга кхойкху со дийнахь а, Хьуна хьалха ву со буса а. |
|
| 3 |
|
| Хьан юьхь-дуьхьал дӀакхочийла хӀара сан доӀа. ЛадогӀахьа хӀокху сан орца даккхаре. |
|
| 4 |
|
| ХӀунда аьлча сан дог баланех хьаладуьзна, ткъа дахар эхартана уллохь ду. |
|
| 5 |
|
| Со кошана уллохь болчу нахаца дӀанисвелла. Со гӀора доцу стаг хилла дӀахӀоьттина. |
|
| 6 |
|
| Со беллачу нахана юкъахь волуш санна ву, со вийна Ӏуьллу стаг санна ву, Хьуна дага а ца вогӀуш, Ахь гӀо дечуьра дӀа а ваьлла. |
|
| 7 |
|
| Ахь со эхартан саьнгар чу виллина, бодане, бух боцучу Ӏин чу тесна. |
|
| 8 |
|
| Язъелла суна тӀехь Хьан дералла, Хьайн ерриге а тулгӀенашца хьаьшна Ахьа со. |
|
| 9 |
|
| Ахь сан доттагӀашка а со витийтина, царна хьалха маьттаза вина дӀахӀоттийна Ахьа со. Со чохь Ӏаш ву, аравала йиш а яц сан. |
|
| 10 |
|
| Сан бӀаьргаш дукха велхарна лозуш бу. ХӀора дийнахь со Хьоьга кхойкхуш ву, сан куьйгаш Хьоьга дӀакховддийначохь лаьтташ ду. |
|
| 11 |
|
| Беллачарна лерина ду ткъа Хьан тамашийна гӀуллакхаш? Я белларш, хьала а гӀевттина, Хьуна хастамаш беш хир бу? |
|
| 12 |
|
| Хьан хедар боцучу безамах лаьцна коша чохь дуьйцуш хир ду ткъа? Я Хьан тешаме хиларх лаьцна талхаран меттехь дуьйцуш хир ду ткъа? |
|
| 13 |
|
| Ахь дина тамашийначу гӀуллакхех лаьцна боданечу меттехь хуур ду ткъа? Бицбеллачеран дуьненахь Хьан нийсонах лаьцна хуур ду ткъа? |
|
| 14 |
|
| Амма со, Веза Эла, Хьоьга кхойкхуш ву, сахуьлучу хенахь ас сайн доӀа Хьуна хьаладоуьйту. |
|
| 15 |
|
| Веза Эла, со хӀунда дӀатоьтту Ахь? Сох хӀунда йоху Ахьа Хьайн юьхь къайла? |
|
| 16 |
|
| Ас жимачу хенахь дуьйна гӀело а хьоьгу, Ӏожаллина уллохь а ву со. Хьан къематаш а хьоьгуш, со дог доьхна ма ву. |
|
| 17 |
|
| Хьан дералла суна тӀехула йоьдуш ю. Хьан бохамаша со хӀаллаквеш ву. |
|
| 18 |
|
| Дийнахь сарралц цара, тӀехдогӀучу хино санна, суна го бо, цара со массо а маьӀӀера дӀа а хьулво. |
|
| 19 |
|
| Ахьа суна уллора сан гергарнаш а, доттагӀий а дӀабаьхна. Сан накъост санна болу бода бен, стаг а ца висна. |
|
|
|
|