Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Делан стеган Мусан доӀа. |
| 2 |
| Хьалдолу Эла! ТӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка тхо Ӏаш йолу меттиг ю Хьо. |
| 3 |
| Лаьмнаш дуьнен чу довлале, дуьненан латта Ахьа кхоллале, азалера абаде кхаччалц Хьо ву Дела. |
| 4 |
| Стагах юха а чан а йой, Ахь олу: «Юхадерза, адамаш!» |
| 5 |
| Хьуна эзар шо селханлера де санна ду, буьйсанна ларйина хан санна ду. |
| 6 |
| Ахь, дӀадаьлла гӀан санна, дӀахьо адамаш. Уьш Ӏуьйранна хьалаяьлла буц санна ду. Буц Ӏуьйранна, хаз а лой, сенло, ткъа сарахь, маргӀал а юлий, якъало. |
| 7 |
| Хьан оьгӀазалло хӀаллакдо тхо, Хьан дераллах тхо кхоьру. |
| 8 |
| Тхан къинош Хьайна хьалха дехкина Ахь, оха къайлаха динарг Хьайн нуьре даьккхина Ахь. |
| 9 |
| Хьан оьгӀазалла тӀехь а йолуш, чекхдевлла тхан денош. Ӏаь санна, довш ду тхан шераш. |
| 10 |
| Тхан шерийн денош кхузткъе итт шо ду, мелла а ондачийн — дезткъа шо, ткъа царах уггар а тоьлла хан къинхьегам а, гӀайгӀанаш а йолуш ю. Шераш сиха дӀа а довлий, тхо дӀадоьлху. |
| 11 |
| Хьанна хаьа, Хьан оьгӀазалла мел нуьцкъала ю, Хьоьга кхоччуш болу ларам хиллал, Хьан дералла Хьанна евза? |
| 12 |
| Тхайн дахаран денош лара Ӏамадехьа тхо, тхан дегнашна хьекъал довзийтархьама. |
| 13 |
| ТӀеверзахьа, Веза Эла! Кхин мел лаьттар ю те Хьан оьгӀазалла? Къинхетам бехьа Хьайн лейх. |
| 14 |
| ХӀора Ӏуьйранна Хьайн хедар боцучу безамах дузахьа тхо, тӀаккха кху лаьтта тӀехь йоккхучу хенахь самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир дара тхо. |
| 15 |
| Айхьа тхуна таӀзар динчу денойл а, тхуна халонаш гинчу шерел а дуьхьал самукъадаларан хан лохьа тхуна. |
| 16 |
| Хьан лешна Хьан дика болх гойла, церан берашна Хьан сийлалла лепийла. |
| 17 |
| Тхан Хьалдолчу Делан дика болх хуьлда тхуна. ГӀуллакхаш тӀехь тхан аьтто белахь, тхан гӀуллакхаш а аьтто болуш хилийталахь. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/089.mp3
150
89